Мусхаф., агӏо 328
-
وَجَعَلْنَاهُمْ أَئِمَّةً يَهْدُونَ بِأَمْرِنَا وَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِمْ فِعْلَ الْخَيْرَاتِ وَإِقَامَ الصَّلَاةِ وَإِيتَاءَ الزَّكَاةِ ۖ وَكَانُوا لَنَا عَابِدِينَ
Оха царах хилийтира тхьамданаш, Тхан омраца шаьш /нахана/ нийса некъ гойтуш. Оха цаьрга хаийтира диканаш дар а‚ ламаз хIоттадар а‚ закат далар а. Уьш хилира Тхуна Iибадат деш
21:73 -
وَلُوطًا آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا وَنَجَّيْنَاهُ مِنَ الْقَرْيَةِ الَّتِي كَانَتْ تَعْمَلُ الْخَبَائِثَ ۗ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمَ سَوْءٍ فَاسِقِينَ
ЛутIана а делира Оха хьукам а‚ Iилма а. Оха и кIелхьарваьккхира ша боьханаш деш хилла йолчу юьртара. Баккъалла а, уьш хилира вонан нах‚ песакъаш
21:74 -
وَأَدْخَلْنَاهُ فِي رَحْمَتِنَا ۖ إِنَّهُ مِنَ الصَّالِحِينَ
Оха иза (ЛутI пайхамар) воьллира Тхан къинхетам чу. Баккъалла а, иза дикачарах ву
21:75 -
وَنُوحًا إِذْ نَادَىٰ مِنْ قَبْلُ فَاسْتَجَبْنَا لَهُ فَنَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ
Нухь а‚ цо кхайкхира хьалха. Оха цунна жоп делира: кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу бāланах
21:76 -
وَنَصَرْنَاهُ مِنَ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمَ سَوْءٍ فَأَغْرَقْنَاهُمْ أَجْمَعِينَ
Оха ларвира иза Тхан аяташ харцдинчу нахах. Баккъалла а, уьш бара вочу хIуманан нах‚ Оха уьш берриге а /хина/ бухабахийтира
21:77 -
وَدَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ إِذْ يَحْكُمَانِ فِي الْحَرْثِ إِذْ نَفَشَتْ فِيهِ غَنَمُ الْقَوْمِ وَكُنَّا لِحُكْمِهِمْ شَاهِدِينَ
Давудана а‚ Сулейманна а‚ шаьшшиммо хьукам дечу хенахь /ялтин/ аренах лаьцна‚ ша нехан уьстагIаша хьаьшна хилла йолчу. Тхо хилира церан хьукаман тешаш
21:78 -
فَفَهَّمْنَاهَا سُلَيْمَانَ ۚ وَكُلًّا آتَيْنَا حُكْمًا وَعِلْمًا ۚ وَسَخَّرْنَا مَعَ دَاوُودَ الْجِبَالَ يُسَبِّحْنَ وَالطَّيْرَ ۚ وَكُنَّا فَاعِلِينَ
Оха цунах (хьукамах) кхетийтира Сулейман а. /Цу шиннах/ хранна а Оха делира хьукам а‚ Iилма а. Оха муьтIахь дира Давудана лаьмнаш – цара тасбахь а деш, олхазарш а /дира Оха цунна муьтхь/‚ тхо хилира /гIуллакх/ дийраш
21:79 -
وَعَلَّمْنَاهُ صَنْعَةَ لَبُوسٍ لَكُمْ لِتُحْصِنَكُمْ مِنْ بَأْسِكُمْ ۖ فَهَلْ أَنْتُمْ شَاكِرُونَ
Оха цунна Iамийра шуна бедарш яр‚ цара шу Iалашдархьама шун /мостагйн/ ницкъах. Аш баркалла ца олу?
21:80 -
وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ عَاصِفَةً تَجْرِي بِأَمْرِهِ إِلَى الْأَرْضِ الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا ۚ وَكُنَّا بِكُلِّ شَيْءٍ عَالِمِينَ
Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ нуьцкъала мох - дIасалелаш Тхан омраца Оха ша беркате дина хиллачу лаьттахула. Тхо хилла массо а хIума хууш дерш
21:81
Гочдар: Магомед Магомедов