Мусхаф., агӏо 334
-
وَكَذَٰلِكَ أَنْزَلْنَاهُ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ وَأَنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَنْ يُرِيدُ
Иштта доссийра Оха и /Къуръан/ билгала аяташ хилла‚ Дела хиларна а нисвеш Шена луург /нийсачу новкъа/
22:16 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَادُوا وَالصَّابِئِينَ وَالنَّصَارَىٰ وَالْمَجُوسَ وَالَّذِينَ أَشْرَكُوا إِنَّ اللَّهَ يَفْصِلُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ жуьгтийн динехь берш а‚ сабиинаш а‚ насараш а‚ цIеран гIуллакх деш берш а‚ /Делаца/ накъост лаьцнарш а... Баккъалла а, Дала къастор ду царна юккъехь къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь теш ву
22:17 -
أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يَسْجُدُ لَهُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ وَالشَّمْسُ وَالْقَمَرُ وَالنُّجُومُ وَالْجِبَالُ وَالشَّجَرُ وَالدَّوَابُّ وَكَثِيرٌ مِنَ النَّاسِ ۖ وَكَثِيرٌ حَقَّ عَلَيْهِ الْعَذَابُ ۗ وَمَنْ يُهِنِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ مُكْرِمٍ ۚ إِنَّ اللَّهَ يَفْعَلُ مَا يَشَاءُ ۩
Хьуна ца го Далла сужуд ма дой стигланашкахь волчо а‚ лаьттахь волчо а‚ малхо а‚ батто а‚ седарчаша а‚ лаьмнаша а‚ дитташа а‚ дийнаташа а‚ нахах дукхаболчара а? Дукхаболчарна Iазап хьакъ хилла. Дала сийсазвинарг‚ милла велахь а‚ – ма вац цунна сий айдан цхьа а. Баккъалла а, Дала до Шена луург
22:18 -
هَٰذَانِ خَصْمَانِ اخْتَصَمُوا فِي رَبِّهِمْ ۖ فَالَّذِينَ كَفَرُوا قُطِّعَتْ لَهُمْ ثِيَابٌ مِنْ نَارٍ يُصَبُّ مِنْ فَوْقِ رُءُوسِهِمُ الْحَمِيمُ
ХIокху шина мостагIчо шайн Кхиош-кхобучуьнгахь къийсира. Цатешнарш – царна бедарш хадор ю цIарах‚ церан кортошна тIе дуттур ду цйдина хи
22:19 -
يُصْهَرُ بِهِ مَا فِي بُطُونِهِمْ وَالْجُلُودُ
Дāгор ду цуьнца церан гайш чохь дерг а‚ чкъор а
22:20 -
وَلَهُمْ مَقَامِعُ مِنْ حَدِيدٍ
Царна аьчкан чхьонкарш ю
22:21 -
كُلَّمَا أَرَادُوا أَنْ يَخْرُجُوا مِنْهَا مِنْ غَمٍّ أُعِيدُوا فِيهَا وَذُوقُوا عَذَابَ الْحَرِيقِ
Царна цу чуьра бāлахьēгарх арабовла мел лии‚ цу чу юхаберзор бу уьш /эр ду/: 'Iовша шайна цIеран Iазап!'
22:22 -
إِنَّ اللَّهَ يُدْخِلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِنْ ذَهَبٍ وَلُؤْلُؤًا ۖ وَلِبَاسُهُمْ فِيهَا حَرِيرٌ
Баккъалла а, Дала чубухкур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а /ялсаманин/ бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу‚ хазбина хир бу уьш цу чохь дашочу чIагаршца а‚ жовхIаршца а‚ церан духар цу чохь хир ду дари
22:23
Гочдар: Магомед Магомедов