Мусхаф., агӏо 335

  1. وَهُدُوا إِلَى الطَّيِّبِ مِنَ الْقَوْلِ وَهُدُوا إِلَىٰ صِرَاطِ الْحَمِيدِ

    Уьш нисбина /дуьненахь/ дашах хазачуьнга /Къуръанах/‚ уьш нисбина хастамечу новкъа

    22:24
  2. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَيَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَالْمَسْجِدِ الْحَرَامِ الَّذِي جَعَلْنَاهُ لِلنَّاسِ سَوَاءً الْعَاكِفُ فِيهِ وَالْبَادِ ۚ وَمَنْ يُرِدْ فِيهِ بِإِلْحَادٍ بِظُلْمٍ نُذِقْهُ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ

    Баккъалла а, цатешнарш а‚ шаьш /нах/ дIатоттуш берш а Делан некъах а‚ Дезачу маьждигах а‚ Оха ша нахана цхьанисса /сийлахь/ хилийтина долчу шена чохь волчунна а‚ арара /зиярате/ веъначунна‚ цу чохь зуламца бакъдолчух дхьавзар /Делах цатешар/ дезаш верг а – Оха Iовшуьйтур ду цаьрга лазош долу Iазапах

    22:25
  3. وَإِذْ بَوَّأْنَا لِإِبْرَاهِيمَ مَكَانَ الْبَيْتِ أَنْ لَا تُشْرِكْ بِي شَيْئًا وَطَهِّرْ بَيْتِيَ لِلطَّائِفِينَ وَالْقَائِمِينَ وَالرُّكَّعِ السُّجُودِ

    Хьахаде: Оха билгалъяьккхира ИбрахIимна /Хьаьж/цIийнан меттиг, олуш: 'Ма лаца Соьца накъост цхьана а хIуманца‚ цIанде Сан цIа го боккхучарна а /тваф деш/‚ хIоьттина лаьттачарна а‚ рукIе баханчарна а‚ суждане баханчарна а

    22:26
  4. وَأَذِّنْ فِي النَّاسِ بِالْحَجِّ يَأْتُوكَ رِجَالًا وَعَلَىٰ كُلِّ ضَامِرٍ يَأْتِينَ مِنْ كُلِّ فَجٍّ عَمِيقٍ

    Кхайкха нахалахь хьаьжалла: уьш (муъмин нах) богIур бу хьуна гIаш а‚ хр эзачунна тIехь а‚ шаьш йогIуш хилла йолчу хр туьпара боьрара

    22:27
  5. لِيَشْهَدُوا مَنَافِعَ لَهُمْ وَيَذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ فِي أَيَّامٍ مَعْلُومَاتٍ عَلَىٰ مَا رَزَقَهُمْ مِنْ بَهِيمَةِ الْأَنْعَامِ ۖ فَكُلُوا مِنْهَا وَأَطْعِمُوا الْبَائِسَ الْفَقِيرَ

    Тешалла дан шайна пайданашна‚ Делан цIе хьехаян а цхьана билгалчу деношкахь‚ Цо шайна рицкъина деллачу бежанна тIехь. Даа цунах‚ дааде бāлахоьгучунна а, пекъарна а

    22:28
  6. ثُمَّ لْيَقْضُوا تَفَثَهُمْ وَلْيُوفُوا نُذُورَهُمْ وَلْيَطَّوَّفُوا بِالْبَيْتِ الْعَتِيقِ

    ТIаккха дIайохийла цара /Хьаьж дехкарца/ шайн боьхаллаш (гIурбан бежна динчул тIаьхьа корта баша я ларга, маIарш теда…)‚ кхочушдойла шайн нузарш‚ гобоккхийла Ширчу ЦIийнна'

    22:29
  7. ذَٰلِكَ وَمَنْ يُعَظِّمْ حُرُمَاتِ اللَّهِ فَهُوَ خَيْرٌ لَهُ عِنْدَ رَبِّهِ ۗ وَأُحِلَّتْ لَكُمُ الْأَنْعَامُ إِلَّا مَا يُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ ۖ فَاجْتَنِبُوا الرِّجْسَ مِنَ الْأَوْثَانِ وَاجْتَنِبُوا قَوْلَ الزُّورِ

    /ГIуллакх иштта ду/. Делан хьурматаш даздеш верг – и цунна шена дика ду шен Кхиош-кхобучунна гергахь. Хьанал дина шуна бежанаш /даа/‚ шуна тIехь доьшуш доцурш. Генадовла цIуйн (жарийн) рижсах‚ генадовла харц дашах

    22:30

Гочдар: Магомед Магомедов