Мусхаф., агӏо 336

  1. حُنَفَاءَ لِلَّهِ غَيْرَ مُشْرِكِينَ بِهِ ۚ وَمَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَكَأَنَّمَا خَرَّ مِنَ السَّمَاءِ فَتَخْطَفُهُ الطَّيْرُ أَوْ تَهْوِي بِهِ الرِّيحُ فِي مَكَانٍ سَحِيقٍ

    Далла тIедирзинарш а хилла‚ Цуьнца накъост лаьцнарш ца хуьлуш. Ткъа Делаца накъост лоцург... и тера ву стиглара воьжначух‚ тIаккха олхазарш схьалоцуш‚ я мехо генарчу меттиге дIавуьгуш волчух

    22:31
  2. ذَٰلِكَ وَمَنْ يُعَظِّمْ شَعَائِرَ اللَّهِ فَإِنَّهَا مِنْ تَقْوَى الْقُلُوبِ

    /ГIуллакх иштта ду/. Делан Iедалаш даздеш верг‚ – баккъалла а, иза дегнаш /Делах/ кхерарх ду

    22:32
  3. لَكُمْ فِيهَا مَنَافِعُ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ثُمَّ مَحِلُّهَا إِلَى الْبَيْتِ الْعَتِيقِ

    Шуна цу чохь пайданаш бу цIетоьхна хан тIекхаччалц‚ тIаккха церан /урс хьакха хьанал йолу/ меттиг Ширчу ЦIийнан гергахь ю

    22:33
  4. وَلِكُلِّ أُمَّةٍ جَعَلْنَا مَنْسَكًا لِيَذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ عَلَىٰ مَا رَزَقَهُمْ مِنْ بَهِيمَةِ الْأَنْعَامِ ۗ فَإِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ فَلَهُ أَسْلِمُوا ۗ وَبَشِّرِ الْمُخْبِتِينَ

    ХIор умматана а Iибадат даран кеп хилийтина Оха цаьрга Делан цIе яккхийта Цо Шена рицкъина деллачу даьхнин бежанна тIехь. Шун Дела цхьа Аллах- Дела ву‚ Цунна муьтIахь хила: ахь кхаъ баккха муьтIахь болчарна

    22:34
  5. الَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ اللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَالصَّابِرِينَ عَلَىٰ مَا أَصَابَهُمْ وَالْمُقِيمِي الصَّلَاةِ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ

    Уьш бу Дела хьахавича, шайн дегнаш кхоьруш берш‚ шайна тIедеъначу вочунна собар деш берш‚ ламаз хIоттадеш берш‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Дела реза волчу новкъа/ харжаш еш берш

    22:35
  6. وَالْبُدْنَ جَعَلْنَاهَا لَكُمْ مِنْ شَعَائِرِ اللَّهِ لَكُمْ فِيهَا خَيْرٌ ۖ فَاذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ عَلَيْهَا صَوَافَّ ۖ فَإِذَا وَجَبَتْ جُنُوبُهَا فَكُلُوا مِنْهَا وَأَطْعِمُوا الْقَانِعَ وَالْمُعْتَرَّ ۚ كَذَٰلِكَ سَخَّرْنَاهَا لَكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    И ерстана эмкал хилийтина Оха шуна Делан дин гучудоккхучу билгалонех‚ шуна цу чохь диканиг ду. Хьехае царна тIехь‚ цхьана могIара хIоьттинчу хьолехь‚ Делан цIе. Уьш шайн агIонашна тIедегча‚ даа царах‚ дааде доьхучунна а‚ ца доьхучунна а. Иштта Оха муьтIахь дина уьш (бежанаш) шуна‚ – шу хир дацара-те баркалла олуш

    22:36
  7. لَنْ يَنَالَ اللَّهَ لُحُومُهَا وَلَا دِمَاؤُهَا وَلَٰكِنْ يَنَالُهُ التَّقْوَىٰ مِنْكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ سَخَّرَهَا لَكُمْ لِتُكَبِّرُوا اللَّهَ عَلَىٰ مَا هَدَاكُمْ ۗ وَبَشِّرِ الْمُحْسِنِينَ

    Далла ца кхочу церан жижиг а‚ церан цIий а‚ делахь а, Цуьнга кхочу шуьгара /Делах/ кхерар. Иштта Цо уьш (бежанаш) муьтIахь дина шуна аш Дела вазвархьама Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдарна. Ахь кхаъ баккха дикадечарна

    22:37
  8. إِنَّ اللَّهَ يُدَافِعُ عَنِ الَّذِينَ آمَنُوا ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ كُلَّ خَوَّانٍ كَفُورٍ

    Баккъалла а, Дала ларбо ийман диллинарш. Баккъалла а, Далла ца веза массо а тешнабехк беш верг, /Делан ниатна/ ша тх инкарло еш волу

    22:38

Гочдар: Магомед Магомедов