Мусхаф., агӏо 337

  1. أُذِنَ لِلَّذِينَ يُقَاتَلُونَ بِأَنَّهُمْ ظُلِمُوا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ نَصْرِهِمْ لَقَدِيرٌ

    Магийна шайца тIом беш болчарна /тIом бан/‚ царна зулам дина хиларна. Баккъалла а, Дела царна (цу бусалбанашна) гIодарна тIехь ницкъ болуш ву‚

    22:39
  2. الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ بِغَيْرِ حَقٍّ إِلَّا أَنْ يَقُولُوا رَبُّنَا اللَّهُ ۗ وَلَوْلَا دَفْعُ اللَّهِ النَّاسَ بَعْضَهُمْ بِبَعْضٍ لَهُدِّمَتْ صَوَامِعُ وَبِيَعٌ وَصَلَوَاتٌ وَمَسَاجِدُ يُذْكَرُ فِيهَا اسْمُ اللَّهِ كَثِيرًا ۗ وَلَيَنْصُرَنَّ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ

    Шайн цIеношкара арабаьхна болчу‚ цхьа а бакъо йоцуш‚ деккъа цара аларна: 'Тхан Кхиош-кхобург АллахДела ву'. Дала нах вовшашца ларбеш ца хиллехьара, йохийна хир яра /насарийн мозгрийн/ Iибадат ден меттигаш а‚ килсаш а‚ /жуьгтийн/ ламазан меттигаш а‚ маьждигаш а‚ шайна чохь дуккха Делан цIе хьехош йолу. Данне а гIо дийр ма ду Дала Шена /гIуллакхна/ гIо деш волчунна. Баккъалла а, Дела ницкъ берг ма ву, веза верг а ма ву

    22:40
  3. الَّذِينَ إِنْ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ أَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ وَأَمَرُوا بِالْمَعْرُوفِ وَنَهَوْا عَنِ الْمُنْكَرِ ۗ وَلِلَّهِ عَاقِبَةُ الْأُمُورِ

    Уьш бу Оха шаьш лаьттахь чIагIбича‚ ламаз хIоттош берш‚ закат луш берш‚ диканиг де‚ аьлла‚ омра деш берш‚ вочух /нах/ духатухуш берш. Делан ю гIуллакхийн чакхе

    22:41
  4. وَإِنْ يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَعَادٌ وَثَمُودُ

    Хьо цара харцвахь, – харцбина царал хьалха Нухьан а‚ Iадийн а‚ Самудийн а къаьмнаша‚

    22:42
  5. وَقَوْمُ إِبْرَاهِيمَ وَقَوْمُ لُوطٍ

    ИбрахIиман къомо а‚ ЛутIин къомо а,

    22:43
  6. وَأَصْحَابُ مَدْيَنَ ۖ وَكُذِّبَ مُوسَىٰ فَأَمْلَيْتُ لِلْكَافِرِينَ ثُمَّ أَخَذْتُهُمْ ۖ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ

    Мадъян дайша а. Харцвира Муса а. Ас ханна тIаьхьатеттира ца тешаш берш. ТIаккха Ас схьалецира уьш. Муха хилира Сан цаларар /уьш шайна Iазап дарца/!

    22:44
  7. فَكَأَيِّنْ مِنْ قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا وَهِيَ ظَالِمَةٌ فَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا وَبِئْرٍ مُعَطَّلَةٍ وَقَصْرٍ مَشِيدٍ

    Маса юрт хIаллакйина Оха‚ шаьш зуламе хилла йолу! Уьш шайн буха тIехь яьсса ю. Маса шовда даьсса дисина! Маса йоьгIна гIала /яьсса йисина/!

    22:45
  8. أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَتَكُونَ لَهُمْ قُلُوبٌ يَعْقِلُونَ بِهَا أَوْ آذَانٌ يَسْمَعُونَ بِهَا ۖ فَإِنَّهَا لَا تَعْمَى الْأَبْصَارُ وَلَٰكِنْ تَعْمَى الْقُلُوبُ الَّتِي فِي الصُّدُورِ

    Лаьттахула ца лела уьш? – хир дара царна дегнаш‚ шайца цара ойла еш‚ я лергаш‚ шайца цара ладугIуш. БIаьрса дац бIаьрзе – кийрахь долу дегнаш ду бIаьрзе!

    22:46

Гочдар: Магомед Магомедов