Мусхаф., агӏо 341
-
يَا أَيُّهَا النَّاسُ ضُرِبَ مَثَلٌ فَاسْتَمِعُوا لَهُ ۚ إِنَّ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ لَنْ يَخْلُقُوا ذُبَابًا وَلَوِ اجْتَمَعُوا لَهُ ۖ وَإِنْ يَسْلُبْهُمُ الذُّبَابُ شَيْئًا لَا يَسْتَنْقِذُوهُ مِنْهُ ۚ ضَعُفَ الطَّالِبُ وَالْمَطْلُوبُ
ХIай нах! Масал далийна‚ ладогIа цуьнга. Баккъалла а, Дела а витина‚ аш /шега/ кхойкхучо цхьаьллига цхьа моза а кхуллур бац‚ уьш цунна гулбелча а. Мозано шайгара цхьа хIума яьккхича, – иза цуьнгара юха ца яккхало царна. Ледара ваьлла лоьхург а‚ шегара лоьхург а
22:73 -
مَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ
Цара ца вазвира Дела ша вазван ма-веззара. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву
22:74 -
اللَّهُ يَصْطَفِي مِنَ الْمَلَائِكَةِ رُسُلًا وَمِنَ النَّاسِ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ
Дала хоржу маликех а /пайхамаршка/ элчанаш‚ нахах а /нахе элчанаш/. Баккъалла а‚ Дела хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву
22:75 -
يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ ۗ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ
Цунна хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тIаьхьа хиндерг а. Деле ддоьрзу гIуллакхаш
22:76 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا ارْكَعُوا وَاسْجُدُوا وَاعْبُدُوا رَبَّكُمْ وَافْعَلُوا الْخَيْرَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ ۩
ХIай ийман диллинарш! РукIе гIо‚ суждане гIо‚ Iибадат де шайн Кхиош-кхобучунна‚ диканиг де шу даккхийден там бу
22:77 -
وَجَاهِدُوا فِي اللَّهِ حَقَّ جِهَادِهِ ۚ هُوَ اجْتَبَاكُمْ وَمَا جَعَلَ عَلَيْكُمْ فِي الدِّينِ مِنْ حَرَجٍ ۚ مِلَّةَ أَبِيكُمْ إِبْرَاهِيمَ ۚ هُوَ سَمَّاكُمُ الْمُسْلِمِينَ مِنْ قَبْلُ وَفِي هَٰذَا لِيَكُونَ الرَّسُولُ شَهِيدًا عَلَيْكُمْ وَتَكُونُوا شُهَدَاءَ عَلَى النَّاسِ ۚ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَاعْتَصِمُوا بِاللَّهِ هُوَ مَوْلَاكُمْ ۖ فَنِعْمَ الْمَوْلَىٰ وَنِعْمَ النَّصِيرُ
Къахьега Делехь ша къахьега ма-деззара‚ Цо шу хаьржина‚ ца йина шуна динехь цхьа а хало‚ шун ден ИбрахIиман миллатах /ду и шун дин/‚ Цо (Далла) аьлла шух бусалбанаш хьалха а‚ хIокху /Къуръан/ чохь а‚ элча шуна тIехь теш хилийтархьама‚ шу а тешаш хилийтархьама нахана тIехь. Ламаз хIоттаде‚ закат ло‚ Делаца чIагIло. И ву шун вали – дика вали а ву‚ дика гIоьнча а ву
22:78
Гочдар: Магомед Магомедов