Мусхаф., агӏо 342

  1. قَدْ أَفْلَحَ الْمُؤْمِنُونَ

    Баккхийбийра муъмин нах

    23:1
  2. الَّذِينَ هُمْ فِي صَلَاتِهِمْ خَاشِعُونَ

    Уьш бу шайн ламазашкахь /Делах кхоьруш, Цуьнан ваззаллина/ муьтIахь берш

    23:2
  3. وَالَّذِينَ هُمْ عَنِ اللَّغْوِ مُعْرِضُونَ

    Уьш бу даьссачу хабарех юьстахбовлуш берш

    23:3
  4. وَالَّذِينَ هُمْ لِلزَّكَاةِ فَاعِلُونَ

    Уьш бу закат доккхуш берш

    23:4
  5. وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ

    Уьш бу шайн эвхье меженаш ларъеш берш

    23:5
  6. إِلَّا عَلَىٰ أَزْوَاجِهِمْ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ

    Шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а бен /тIе ца гIерташ берш/ – тIаккха уьш бехке бац

    23:6
  7. فَمَنِ ابْتَغَىٰ وَرَاءَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْعَادُونَ

    Царал дехьа кхийдинарш – уьш /Делан/ дозанех бевларш бу

    23:7
  8. وَالَّذِينَ هُمْ لِأَمَانَاتِهِمْ وَعَهْدِهِمْ رَاعُونَ

    Уьш бу шайх тешна дитина хIума а‚ шайца хилла барт а Iалашбеш берш

    23:8
  9. وَالَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَوَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ

    Уьш бу шайн ламазаш лардеш берш

    23:9
  10. أُولَٰئِكَ هُمُ الْوَارِثُونَ

    Уьш бу верасаш

    23:10
  11. الَّذِينَ يَرِثُونَ الْفِرْدَوْسَ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Шайна ирсана Фирдавс кхочур ерш‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар болуш

    23:11
  12. وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنْ سُلَالَةٍ مِنْ طِينٍ

    Оха кхоьллина адам (дуьххьара стаг Āдам) цIенчу поппарх (топпарх)

    23:12
  13. ثُمَّ جَعَلْنَاهُ نُطْفَةً فِي قَرَارٍ مَكِينٍ

    ТIаккха хилийтина Оха цунах тIадам чIогIачу меттигехь

    23:13
  14. ثُمَّ خَلَقْنَا النُّطْفَةَ عَلَقَةً فَخَلَقْنَا الْعَلَقَةَ مُضْغَةً فَخَلَقْنَا الْمُضْغَةَ عِظَامًا فَكَسَوْنَا الْعِظَامَ لَحْمًا ثُمَّ أَنْشَأْنَاهُ خَلْقًا آخَرَ ۚ فَتَبَارَكَ اللَّهُ أَحْسَنُ الْخَالِقِينَ

    ТIаккха тIадамах декъа цIий кхоьллира Оха‚ декъачу цIийх кхоьллира Оха жижиган кийсак‚ жижиган кийсаках кхоьллира даьIахкаш‚ тIаккха даьIахкий тIе жижиг дуьхийра (диллира) Оха, тIаккха Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате хилла Дела – кхоллархойх уггар диканиг

    23:14
  15. ثُمَّ إِنَّكُمْ بَعْدَ ذَٰلِكَ لَمَيِّتُونَ

    ТIаккха‚ баккъалла а, шу цул тIаьхьа лийр ду

    23:15
  16. ثُمَّ إِنَّكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ تُبْعَثُونَ

    ТIаккха‚ баккъалла а, шу къематдийнахь дендийр ду

    23:16
  17. وَلَقَدْ خَلَقْنَا فَوْقَكُمْ سَبْعَ طَرَائِقَ وَمَا كُنَّا عَنِ الْخَلْقِ غَافِلِينَ

    Оха кхоьллира шуна тIехула ворхI гтт /стигал/ – Тхо ца хилира /массо а Тхаш кхоьллинчу/ халкъах гIовпал (тидам боцуш)

    23:17

Гочдар: Магомед Магомедов