Мусхаф., агӏо 343

  1. وَأَنْزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً بِقَدَرٍ فَأَسْكَنَّاهُ فِي الْأَرْضِ ۖ وَإِنَّا عَلَىٰ ذَهَابٍ بِهِ لَقَادِرُونَ

    Оха доссийра стиглара хи барамца‚ и сацийра Оха лаьттахь‚ Тхо и дIадахийта а ницкъ болуш ду

    23:18
  2. فَأَنْشَأْنَا لَكُمْ بِهِ جَنَّاتٍ مِنْ نَخِيلٍ وَأَعْنَابٍ لَكُمْ فِيهَا فَوَاكِهُ كَثِيرَةٌ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ

    Оха кхиийра шуна цуьнца (догIица) хурманан а‚ кемсийн а бошмаш‚ шуна цу чохь дуккха стоьмаш а бу‚ аш царах боу

    23:19
  3. وَشَجَرَةً تَخْرُجُ مِنْ طُورِ سَيْنَاءَ تَنْبُتُ بِالدُّهْنِ وَصِبْغٍ لِلْآكِلِينَ

    Сайнаъ ламанах схьадолуш долу зайт-дитт а /кхоьллина Оха/‚ цунах долу зайтдаьтта а‚ чамбийриг а юучарна

    23:20
  4. وَإِنَّ لَكُمْ فِي الْأَنْعَامِ لَعِبْرَةً ۖ نُسْقِيكُمْ مِمَّا فِي بُطُونِهَا وَلَكُمْ فِيهَا مَنَافِعُ كَثِيرَةٌ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ

    Баккъалла а, шуна бежнашкахь /кхин са долчу хIумнашкахь а/ масал ма ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух‚ шуна цаьргахь дуккха пайданаш а бу‚ царах аш доу

    23:21
  5. وَعَلَيْهَا وَعَلَى الْفُلْكِ تُحْمَلُونَ

    Царна (бежнашна) тIехь а‚ кеманна тIехь а шу дсалеладо

    23:22
  6. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ فَقَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ أَفَلَا تَتَّقُونَ

    Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: 'ХIай сан къам! Аш Iибадат де Далла‚ шуна вац И воцург кхин дела‚ шу ца кхоьру?'

    23:23
  7. فَقَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَوْمِهِ مَا هَٰذَا إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ يُرِيدُ أَنْ يَتَفَضَّلَ عَلَيْكُمْ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَأَنْزَلَ مَلَائِكَةً مَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِي آبَائِنَا الْأَوَّلِينَ

    Цуьнан къомах ца тешаш хиллачеран элаша элира: 'ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ иза лууш ву шуна тIехь хьалавала‚ Далла лиънехьара, Цо маликаш дохкуьйтур дара. Тхуна ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь а

    23:24
  8. إِنْ هُوَ إِلَّا رَجُلٌ بِهِ جِنَّةٌ فَتَرَبَّصُوا بِهِ حَتَّىٰ حِينٍ

    Иза (Нухь) жинех волу стаг бен ма вац‚ шу хьовсал цуьнга цхьа хан яллалц'

    23:25
  9. قَالَ رَبِّ انْصُرْنِي بِمَا كَذَّبُونِ

    Цо (Нухьас, Деле доьхуш) элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гIо делахь суна цара со харцварна'

    23:26
  10. فَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِ أَنِ اصْنَعِ الْفُلْكَ بِأَعْيُنِنَا وَوَحْيِنَا فَإِذَا جَاءَ أَمْرُنَا وَفَارَ التَّنُّورُ ۙ فَاسْلُكْ فِيهَا مِنْ كُلٍّ زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ وَأَهْلَكَ إِلَّا مَنْ سَبَقَ عَلَيْهِ الْقَوْلُ مِنْهُمْ ۖ وَلَا تُخَاطِبْنِي فِي الَّذِينَ ظَلَمُوا ۖ إِنَّهُمْ مُغْرَقُونَ

    Оха хаам бира цуьнга вехьеца: 'Кема де Тхан бIаьргий хьалхахь, Тхан хьехамца. Тхан гIуллакх деъча‚ пеш кхехкича‚ цу чу (кеманна тIе) лахка хIораннах шишша тайпа а‚ хьан доьзал а‚ царах шайна тIехь дош хьалхадаьлларш боцурш. Соьга ма хьехабелахь зулам динарш. Уьш хина бухабохуьйтур бу'

    23:27

Гочдар: Магомед Магомедов