Мусхаф., агӏо 344

  1. فَإِذَا اسْتَوَيْتَ أَنْتَ وَمَنْ مَعَكَ عَلَى الْفُلْكِ فَقُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي نَجَّانَا مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Хьо а‚ хьоьца верг а кеманна тIехь дIанисвелча‚ ахь алалахь: 'Хастам бу Далла‚ тхо хьалхадаьхначу зуламечу къомах'

    23:28
  2. وَقُلْ رَبِّ أَنْزِلْنِي مُنْزَلًا مُبَارَكًا وَأَنْتَ خَيْرُ الْمُنْزِلِينَ

    Ахь āлалахь: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ охьавоссавелахь со беркатечу меттигехь‚ Хьо уггар дика охьавоссориг ву-кх.'

    23:29
  3. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ وَإِنْ كُنَّا لَمُبْتَلِينَ

    Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх‚ Тхо хилла-кх зуьйш дерш

    23:30
  4. ثُمَّ أَنْشَأْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ قَرْنًا آخَرِينَ

    ТIаккха Оха кхиийра царал тIаьхьа кхин тIаьхье

    23:31
  5. فَأَرْسَلْنَا فِيهِمْ رَسُولًا مِنْهُمْ أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ أَفَلَا تَتَّقُونَ

    Оха вахийтира цаьрга царах элча‚ Iибадат де Далла‚ шуна вац Иза воцург кхин дела‚ аьлла. Шу ца кхоьру?

    23:32
  6. وَقَالَ الْمَلَأُ مِنْ قَوْمِهِ الَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِلِقَاءِ الْآخِرَةِ وَأَتْرَفْنَاهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا مَا هَٰذَا إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ يَأْكُلُ مِمَّا تَأْكُلُونَ مِنْهُ وَيَشْرَبُ مِمَّا تَشْرَبُونَ

    Цуьнан къоман ца тешаш хиллачу‚ эхартаца цхьанакхетар харцдеш хиллачу‚ Оха дуьненан дахарехь шайга зовкх хьегийтинчу элаша элира: 'ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ аш юучух юу цо‚ аш молучух молу цо

    23:33
  7. وَلَئِنْ أَطَعْتُمْ بَشَرًا مِثْلَكُمْ إِنَّكُمْ إِذًا لَخَاسِرُونَ

    Шу муьтхь хилахь шаьш санначу адамна‚ тIаккха‚ баккъалла а, ма эшнарш ду-кх шу

    23:34
  8. أَيَعِدُكُمْ أَنَّكُمْ إِذَا مِتُّمْ وَكُنْتُمْ تُرَابًا وَعِظَامًا أَنَّكُمْ مُخْرَجُونَ

    Цо ваIда до шуна‚ шу делча‚ шух латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ шу арадохур ду‚ аьлла?

    23:35
  9. هَيْهَاتَ هَيْهَاتَ لِمَا تُوعَدُونَ

    Ма гена ду-кх‚ ма гена ду-кх шуна деш долу ваIда!

    23:36
  10. إِنْ هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا نَمُوتُ وَنَحْيَا وَمَا نَحْنُ بِمَبْعُوثِينَ

    ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац‚ ле вай‚ деха вай – вай юха дендийр дац

    23:37
  11. إِنْ هُوَ إِلَّا رَجُلٌ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا وَمَا نَحْنُ لَهُ بِمُؤْمِنِينَ

    И ву веккъа Далла тIе харцдерг кхоьллина стаг‚ вай цунах тешар дац'

    23:38
  12. قَالَ رَبِّ انْصُرْنِي بِمَا كَذَّبُونِ

    Цо (элчано) элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь суна гIо делахь цара со харцварна'

    23:39
  13. قَالَ عَمَّا قَلِيلٍ لَيُصْبِحُنَّ نَادِمِينَ

    Цо (Дала) элира: 'Цхьа кIеззигчу /хенахь/ уьш дохкобевлла хир бу хьуна'

    23:40
  14. فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ بِالْحَقِّ فَجَعَلْنَاهُمْ غُثَاءً ۚ فَبُعْدًا لِلْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Уьш схьалецира цIогIа тохаро‚ лаца хьакъ болуш‚ Оха нехаш йира царах. Делла дала зуламе къам!

    23:41
  15. ثُمَّ أَنْشَأْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ قُرُونًا آخَرِينَ

    ТIаккха‚ царал тIаьхьа‚ кхиийра Оха кхин тIаьхьенаш

    23:42

Гочдар: Магомед Магомедов