Мусхаф., агӏо 360
-
وَاتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ آلِهَةً لَا يَخْلُقُونَ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ وَلَا يَمْلِكُونَ لِأَنْفُسِهِمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا وَلَا يَمْلِكُونَ مَوْتًا وَلَا حَيَاةً وَلَا نُشُورًا
Цара лецира‚ Иза а витина‚ делий‚ цара хIумма ца кхуллу‚ уьш шаьш кхуллуш бу /Дала/. Цара дола ца до шайн синошна зенна а‚ пайденна а‚ цара дола ца до даларна а‚ дахарна а‚ дендарна а
25:3 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا إِفْكٌ افْتَرَاهُ وَأَعَانَهُ عَلَيْهِ قَوْمٌ آخَرُونَ ۖ فَقَدْ جَاءُوا ظُلْمًا وَزُورًا
Элира цатешачара: 'ХIара /Къуръан/ харцдерг ду‚ ша цо (пайхамара) кхоьллина долу‚ цунна гIо дина цу тIехь кхечу наха а'. Цара деана зулам а‚ харцдерг а
25:4 -
وَقَالُوا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ اكْتَتَبَهَا فَهِيَ تُمْلَىٰ عَلَيْهِ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
Цара элира: 'Хьалхалеранчеран туьйранаш ду. Цо (Мухьаммада) яздайтина уьш‚ уьш цунна доьшуш ду Iуьйранна а‚ суьйранна а'
25:5 -
قُلْ أَنْزَلَهُ الَّذِي يَعْلَمُ السِّرَّ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ إِنَّهُ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا
Ахь āла: 'Иза /Къуръан/ доссийна Ша стигланашкахь а, лаьттахь а къайле хууш волчо. Баккъалла а, Иза хилла тх гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а'
25:6 -
وَقَالُوا مَالِ هَٰذَا الرَّسُولِ يَأْكُلُ الطَّعَامَ وَيَمْشِي فِي الْأَسْوَاقِ ۙ لَوْلَا أُنْزِلَ إِلَيْهِ مَلَكٌ فَيَكُونَ مَعَهُ نَذِيرًا
Цара элира: 'ХIун ду хIокху элчанна? Даар доу цо‚ базаршкахула лела иза. Доьссина хиллехьара цуьнга малик, тккха и хуьлуш цуьнца цхьана кхерамча
25:7 -
أَوْ يُلْقَىٰ إِلَيْهِ كَنْزٌ أَوْ تَكُونُ لَهُ جَنَّةٌ يَأْكُلُ مِنْهَا ۚ وَقَالَ الظَّالِمُونَ إِنْ تَتَّبِعُونَ إِلَّا رَجُلًا مَسْحُورًا
Я кхоьссинехьара цуьнга хазна‚ я хиллехьара цунна беш, цо цу чуьра юуш'. Элира зуламхоша: 'Шу тIаьхьахIиттина ма ду шена бозбуунчалла динчу стагана'
25:8 -
انْظُرْ كَيْفَ ضَرَبُوا لَكَ الْأَمْثَالَ فَضَلُّوا فَلَا يَسْتَطِيعُونَ سَبِيلًا
Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш – тилабелла уьш‚ /бакъдолчунна тIе/ некъ /лаха/ ца могу царна
25:9 -
تَبَارَكَ الَّذِي إِنْ شَاءَ جَعَلَ لَكَ خَيْرًا مِنْ ذَٰلِكَ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَيَجْعَلْ لَكَ قُصُورًا
Беркате хили Иза‚ Шена лиъча, хуьлуьйтур яра хьуна цул диканиг – бошмаш‚ шена бухахула хиш оьхуш йолу‚ хуьлуьйтур яра хьуна гIаланаш
25:10 -
بَلْ كَذَّبُوا بِالسَّاعَةِ ۖ وَأَعْتَدْنَا لِمَنْ كَذَّبَ بِالسَّاعَةِ سَعِيرًا
ХIаъ‚ цара харцдира сахьт. Оха кечйина сахьт харцдинчунна /жоьжахатин/ цIе
25:11
Гочдар: Магомед Магомедов