Мусхаф., агӏо 361

  1. إِذَا رَأَتْهُمْ مِنْ مَكَانٍ بَعِيدٍ سَمِعُوا لَهَا تَغَيُّظًا وَزَفِيرًا

    Цунна (жоьжахатина) уьш гича генарчу меттигера‚ царна хезар ду цуьнан дералла а‚ угIар а

    25:12
  2. وَإِذَا أُلْقُوا مِنْهَا مَكَانًا ضَيِّقًا مُقَرَّنِينَ دَعَوْا هُنَالِكَ ثُبُورًا

    Цу чуьра готтачу меттиге шаьш кхиссича‚ дIадихкина а долуш /куьйгаш логех/‚ цара кхойкхур дара хIаллакхиларе

    25:13
  3. لَا تَدْعُوا الْيَوْمَ ثُبُورًا وَاحِدًا وَادْعُوا ثُبُورًا كَثِيرًا

    /Эр ду цаьрга/: 'Аш ма кхайкха тахана цхьана хIаллакхиларе‚ кхайкха дуккха а хIаллакхиларшка!'

    25:14
  4. قُلْ أَذَٰلِكَ خَيْرٌ أَمْ جَنَّةُ الْخُلْدِ الَّتِي وُعِدَ الْمُتَّقُونَ ۚ كَانَتْ لَهُمْ جَزَاءً وَمَصِيرًا

    Ахь āла: 'ХIара тоьлу‚ я гуттаренна а йолу /ялсаманин/ беш /тоьлу/‚ ша /Делах/ кхоьручарна хир ю аьлларг? И хилира царна бекхам а‚ ттовжийла а'

    25:15
  5. لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ خَالِدِينَ ۚ كَانَ عَلَىٰ رَبِّكَ وَعْدًا مَسْئُولًا

    Царна цу чохь шайна луург ю‚ гуттар /шаьш цу чохь/ лаьтташ. И хили хьан Кхиош-кхобучунна тхь жоьпаллин ваIда

    25:16
  6. وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ فَيَقُولُ أَأَنْتُمْ أَضْلَلْتُمْ عِبَادِي هَٰؤُلَاءِ أَمْ هُمْ ضَلُّوا السَّبِيلَ

    Ша уьш а‚ цара, И витина, шайна Iибадат динарш а гулбинчу дийнахь‚ Цо эр ду: 'Аш тилийра хIара Сан леш‚ я шаьш /нийсачу/ новкъах бевлира уьш?'

    25:17
  7. قَالُوا سُبْحَانَكَ مَا كَانَ يَنْبَغِي لَنَا أَنْ نَتَّخِذَ مِنْ دُونِكَ مِنْ أَوْلِيَاءَ وَلَٰكِنْ مَتَّعْتَهُمْ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ نَسُوا الذِّكْرَ وَكَانُوا قَوْمًا بُورًا

    Цара эр: 'Вонах цIена ву Хьо‚ тхуна оьшуш ца хилира Хьо воцург верасаш лийца‚ делахь а, Ахь зовкх хьегийтира цаьрга а‚ церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц‚ уьш хилира хIаллакхилла къам'

    25:18
  8. فَقَدْ كَذَّبُوكُمْ بِمَا تَقُولُونَ فَمَا تَسْتَطِيعُونَ صَرْفًا وَلَا نَصْرًا ۚ وَمَنْ يَظْلِمْ مِنْكُمْ نُذِقْهُ عَذَابًا كَبِيرًا

    /Эр ду Дала/: 'Цара шу харцдира аш дуьйцучуьнца‚ шуна ца могу духатоха а /шайх Iазап/‚ гIо хилийта а. Шух милла велахь а зулам деш‚ – цуьнга Iовшуьйтур ду Оха доккха Iазап'

    25:19
  9. وَمَا أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا إِنَّهُمْ لَيَأْكُلُونَ الطَّعَامَ وَيَمْشُونَ فِي الْأَسْوَاقِ ۗ وَجَعَلْنَا بَعْضَكُمْ لِبَعْضٍ فِتْنَةً أَتَصْبِرُونَ ۗ وَكَانَ رَبُّكَ بَصِيرًا

    Оха ца вахийтина хьол хьалха а элчанех /цхьа а/, цара кхача боуш а, уьш базаршкахула лелаш а бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана. Аш собар дой? Хилира хьан Кхиош-кхобург гуш верг

    25:20

Гочдар: Магомед Магомедов