Мусхаф., агӏо 362
-
وَقَالَ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْنَا الْمَلَائِكَةُ أَوْ نَرَىٰ رَبَّنَا ۗ لَقَدِ اسْتَكْبَرُوا فِي أَنْفُسِهِمْ وَعَتَوْا عُتُوًّا كَبِيرًا
Элира Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара: 'Вайна доссинехьара маликаш‚ я вайна гуш велахьара вайн Кхиош-кхобург'. Уьш курабевлира шаьшлахь‚ /Делан/ дозанех бевлира уьш бāларал а сов
25:21 -
يَوْمَ يَرَوْنَ الْمَلَائِكَةَ لَا بُشْرَىٰ يَوْمَئِذٍ لِلْمُجْرِمِينَ وَيَقُولُونَ حِجْرًا مَحْجُورًا
Шайна маликаш гинчу дийнахь – кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара (маликаша) эр ду: 'Хьарам бина хьарам бу'
25:22 -
وَقَدِمْنَا إِلَىٰ مَا عَمِلُوا مِنْ عَمَلٍ فَجَعَلْنَاهُ هَبَاءً مَنْثُورًا
Тхо тIедирзира цара (керстанаша дуьненахь) йинчу Iамална‚ цунах хилийтира Оха баьржина чим (ца лерира Оха церан Iамалш)
25:23 -
أَصْحَابُ الْجَنَّةِ يَوْمَئِذٍ خَيْرٌ مُسْتَقَرًّا وَأَحْسَنُ مَقِيلًا
Ялсаманин дай оцу дийнахь дика хир бу чIагIбаларан меттигца а‚ вуно дика хир бу /делкъахь/ садаIаран меттигца а
25:24 -
وَيَوْمَ تَشَقَّقُ السَّمَاءُ بِالْغَمَامِ وَنُزِّلَ الْمَلَائِكَةُ تَنْزِيلًا
Цу дийнахь етIар ю стигал мархашца‚ охьадоссор ду маликаш /могIаршца/ охьадоссорца
25:25 -
الْمُلْكُ يَوْمَئِذٍ الْحَقُّ لِلرَّحْمَٰنِ ۚ وَكَانَ يَوْمًا عَلَى الْكَافِرِينَ عَسِيرًا
Хьакъ-бакъ долу паччахьалла цу дийнахь Къинхетам болчунна (Далла) ду. И хилира цатешачарна хала /де/
25:26 -
وَيَوْمَ يَعَضُّ الظَّالِمُ عَلَىٰ يَدَيْهِ يَقُولُ يَا لَيْتَنِي اتَّخَذْتُ مَعَ الرَّسُولِ سَبِيلًا
Цу дийнахь зулам динчо цергаш юьхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: 'Ма декъазваьлла-кх со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара ас
25:27 -
يَا وَيْلَتَىٰ لَيْتَنِي لَمْ أَتَّخِذْ فُلَانًا خَلِيلًا
Ма бала бу-кх суна! Ма лаьцнехьара-кх ас хьенех доттагI
25:28 -
لَقَدْ أَضَلَّنِي عَنِ الذِّكْرِ بَعْدَ إِذْ جَاءَنِي ۗ وَكَانَ الشَّيْطَانُ لِلْإِنْسَانِ خَذُولًا
Тилийра цо со хьехамах‚ и соьга беъначул тIаьхьа. ШайтIа хилира адамна ямартхо'
25:29 -
وَقَالَ الرَّسُولُ يَا رَبِّ إِنَّ قَوْمِي اتَّخَذُوا هَٰذَا الْقُرْآنَ مَهْجُورًا
Элира элчано /Деле далхош шен гллакх/: 'Сан Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, сан къомо хIара Къуръан дIатесна ма дити!'
25:30 -
وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِيٍّ عَدُوًّا مِنَ الْمُجْرِمِينَ ۗ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ هَادِيًا وَنَصِيرًا
Иштта хIора пайхамарна а Оха хилийтира мостагI къинош диначарах. Тоьур ду хьуна хьан Кхиош-кхобург хилар нисвеш верг а‚ гIоьнча а
25:31 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْلَا نُزِّلَ عَلَيْهِ الْقُرْآنُ جُمْلَةً وَاحِدَةً ۚ كَذَٰلِكَ لِنُثَبِّتَ بِهِ فُؤَادَكَ ۖ وَرَتَّلْنَاهُ تَرْتِيلًا
Элира цатешачара: 'Доьссинехьара цуьнга /хIара/ Къуръан цхьана тептарца'. Иштта /доссийна Оха и/ шеца хьан дог чIагIдархьама‚ Оха дийшира и тIеттIа'
25:32
Гочдар: Магомед Магомедов