Мусхаф., агӏо 363

  1. وَلَا يَأْتُونَكَ بِمَثَلٍ إِلَّا جِئْنَاكَ بِالْحَقِّ وَأَحْسَنَ تَفْسِيرًا

    Хьоьга дахьар дац цара цхьа а масал (хаттар), Оха хьуна луш /и духатухуш/ бакъдерг а, вунō хаза тидар а бен

    25:33
  2. الَّذِينَ يُحْشَرُونَ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ إِلَىٰ جَهَنَّمَ أُولَٰئِكَ شَرٌّ مَكَانًا وَأَضَلُّ سَبِيلًا

    Шаьш гулбийр берш шайн яххьаш тхь /текхош/ жоьжахатина тIе – уьш бу вон берш меттигаца‚ уггар тилабелларш некъаца

    25:34
  3. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَجَعَلْنَا مَعَهُ أَخَاهُ هَارُونَ وَزِيرًا

    Оха делира /хьалха/ Мусага жайна‚ вазир хилийтира цуьнца цуьнан ваша ХIарун

    25:35
  4. فَقُلْنَا اذْهَبَا إِلَى الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَدَمَّرْنَاهُمْ تَدْمِيرًا

    Оха элира: 'ДIагIо шу шиъ шаьш Тхан аяташ харцдинчу /Фирвнан/ къомана тIе'. ТIаккха Оха уьш бохийра /чгчу/ бохорца

    25:36
  5. وَقَوْمَ نُوحٍ لَمَّا كَذَّبُوا الرُّسُلَ أَغْرَقْنَاهُمْ وَجَعَلْنَاهُمْ لِلنَّاسِ آيَةً ۖ وَأَعْتَدْنَا لِلظَّالِمِينَ عَذَابًا أَلِيمًا

    Нухьан къам а‚ цара элчанаш харцбича‚ хин бухабахийтира Оха уьш. Оха хилийтира царах нахана делил. Оха кечдира зуламхошна лазош долу Iазап

    25:37
  6. وَعَادًا وَثَمُودَ وَأَصْحَابَ الرَّسِّ وَقُرُونًا بَيْنَ ذَٰلِكَ كَثِيرًا

    Iадаш а‚ Самудаш а‚ Рассан дай а, царна юккъехь тIаьхьенаш дуккха а /хIаллакйира Оха/

    25:38
  7. وَكُلًّا ضَرَبْنَا لَهُ الْأَمْثَالَ ۖ وَكُلًّا تَبَّرْنَا تَتْبِيرًا

    ХIоранна Оха далийра шен масалш‚ хIора а Оха хIаллаквира хIаллакварца

    25:39
  8. وَلَقَدْ أَتَوْا عَلَى الْقَرْيَةِ الَّتِي أُمْطِرَتْ مَطَرَ السَّوْءِ ۚ أَفَلَمْ يَكُونُوا يَرَوْنَهَا ۚ بَلْ كَانُوا لَا يَرْجُونَ نُشُورًا

    Уьш (Маккан керстанаш) ма бахарий юьрта тIе‚ шена тIе вонан догIа дилхина хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХIан-хIа! Уьш хилира юхадендаре дог ца дохуш

    25:40
  9. وَإِذَا رَأَوْكَ إِنْ يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَٰذَا الَّذِي بَعَثَ اللَّهُ رَسُولًا

    Хьо шайна гича‚ хьох белар до цара: 'ХIара ву Дала ваийтинарг элча вина?

    25:41
  10. إِنْ كَادَ لَيُضِلُّنَا عَنْ آلِهَتِنَا لَوْلَا أَنْ صَبَرْنَا عَلَيْهَا ۚ وَسَوْفَ يَعْلَمُونَ حِينَ يَرَوْنَ الْعَذَابَ مَنْ أَضَلُّ سَبِيلًا

    Вай вайн делех дIатиладарах ца соцу-кх иза‚ вай царна тIехь собар ца дахь'. ТIаьхьа хуур ду царна шайна Iазап гича‚ мила хилла уггар тилавелларг некъаца

    25:42
  11. أَرَأَيْتَ مَنِ اتَّخَذَ إِلَٰهَهُ هَوَاهُ أَفَأَنْتَ تَكُونُ عَلَيْهِ وَكِيلًا

    Хьуна гини-й и шен чIогIа дезачу хIуманах шена дēла лаьцнарг? Ткъа хьо хир вара цуьнан тIехь векал? (Хьуна могур ма дац и нисван)

    25:43

Гочдар: Магомед Магомедов