Мусхаф., агӏо 380
-
فَلَمَّا جَاءَ سُلَيْمَانَ قَالَ أَتُمِدُّونَنِ بِمَالٍ فَمَا آتَانِيَ اللَّهُ خَيْرٌ مِمَّا آتَاكُمْ بَلْ أَنْتُمْ بِهَدِيَّتِكُمْ تَفْرَحُونَ
Иза (Билкъиса ваийтинарг) Сулейман волчу веъча‚ цо (Сулейманас) элира: 'Со даьхница хьоле во аш? Дала суна делларг дика ма ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а, шу шайн совгIатаца даккхийдеш ду-кх
27:36 -
ارْجِعْ إِلَيْهِمْ فَلَنَأْتِيَنَّهُمْ بِجُنُودٍ لَا قِبَلَ لَهُمْ بِهَا وَلَنُخْرِجَنَّهُمْ مِنْهَا أَذِلَّةً وَهُمْ صَاغِرُونَ
Юхаверза царна тIе‚ тхо догIур ду царна тIе эскарца‚ шеца уьш ларалур боцчу‚ Оха арабохур бу уьш цу чуьра (шайн махкара) сийсаза хилла‚ уьш кIелбуьсур бу'
27:37 -
قَالَ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ أَيُّكُمْ يَأْتِينِي بِعَرْشِهَا قَبْلَ أَنْ يَأْتُونِي مُسْلِمِينَ
Цо (Сулеймана) элира: 'ХIай элийн тоба! Шух муьлха догIур дара суна тIе цуьнан (Билкъисан) Iарш яхьаш‚ уьш суна тIе бахкале муьтхь а хилла?'
27:38 -
قَالَ عِفْرِيتٌ مِنَ الْجِنِّ أَنَا آتِيكَ بِهِ قَبْلَ أَنْ تَقُومَ مِنْ مَقَامِكَ ۖ وَإِنِّي عَلَيْهِ لَقَوِيٌّ أَمِينٌ
Жинех уггар /нуьцкъала/ долчу Iифрито элира: 'Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ хьо хьан меттигера хьалагIаттале. Со цу тIехь нуьцкъала а‚ тешаме а ду'
27:39 -
قَالَ الَّذِي عِنْدَهُ عِلْمٌ مِنَ الْكِتَابِ أَنَا آتِيكَ بِهِ قَبْلَ أَنْ يَرْتَدَّ إِلَيْكَ طَرْفُكَ ۚ فَلَمَّا رَآهُ مُسْتَقِرًّا عِنْدَهُ قَالَ هَٰذَا مِنْ فَضْلِ رَبِّي لِيَبْلُوَنِي أَأَشْكُرُ أَمْ أَكْفُرُ ۖ وَمَنْ شَكَرَ فَإِنَّمَا يَشْكُرُ لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ كَفَرَ فَإِنَّ رَبِّي غَنِيٌّ كَرِيمٌ
Шегахь жайнан Iилма долчо элира: 'Со вогIур ву хьуна тIе цуьнца‚ ахь бIаьрганегIар тохале'. Шена иза (Билкъисан Iарш) гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚ цо (Сулеймана) элира: 'ХIара сан Кхиош-кхобучун дозаллах ду‚ Цо со зерхьама‚ баркалла олу ас я инкарло йо. Баркалла олучо цо шен дуьхьа олуш ду‚ инкарло ечо баккъалла а, сан Кхиош-кхобург хьал долуш а ву‚ сийлахь а ву'
27:40 -
قَالَ نَكِّرُوا لَهَا عَرْشَهَا نَنْظُرْ أَتَهْتَدِي أَمْ تَكُونُ مِنَ الَّذِينَ لَا يَهْتَدُونَ
Цо элира: 'Хийцам бе цуьнан Iарша тIехь‚ вай хьовсур‚ евзий цунна иза‚ я хир ю-те иза и ца евзачарах. '
27:41 -
فَلَمَّا جَاءَتْ قِيلَ أَهَٰكَذَا عَرْشُكِ ۖ قَالَتْ كَأَنَّهُ هُوَ ۚ وَأُوتِينَا الْعِلْمَ مِنْ قَبْلِهَا وَكُنَّا مُسْلِمِينَ
Иза (Билкъис) еъча, элира /цуьнга/: 'Иштта юй хьан Iарш?' Цо элира: 'Иза йолчух тера ю хIара'. /Сулеймана элира шена Билкъисехь Iилма дуйла хиъначул тIаьхьа/: 'Тхуна Iилма деллера цунчул (Билкъисал) хьалха‚ тхо муьтIахь хилира /Далла/'
27:42 -
وَصَدَّهَا مَا كَانَتْ تَعْبُدُ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ إِنَّهَا كَانَتْ مِنْ قَوْمٍ كَافِرِينَ
Иза (Билкъис) юхатуьйхира /цхьана Далла Iибадат дарах/ цо, Иза а витина, кхечунна Iибадат даро. Баккъалла а, иза ма яра ца тешачу къомах
27:43 -
قِيلَ لَهَا ادْخُلِي الصَّرْحَ ۖ فَلَمَّا رَأَتْهُ حَسِبَتْهُ لُجَّةً وَكَشَفَتْ عَنْ سَاقَيْهَا ۚ قَالَ إِنَّهُ صَرْحٌ مُمَرَّدٌ مِنْ قَوَارِيرَ ۗ قَالَتْ رَبِّ إِنِّي ظَلَمْتُ نَفْسِي وَأَسْلَمْتُ مَعَ سُلَيْمَانَ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Элира цуьнга: 'Чоьхьаяла гIалина!' Шена иза (гла) гича‚ цунна моттаделира иза алссам хи ду‚ цо шен настарш гучуехира. Цо (Сулеймана) элира: 'Баккъалла а, иза гIала ю къегинчу аьнгалех йина'. Цо (Билкъисо) элира: 'Со Кхиош-кхобург‚ бакъалла а, ас зулам ма дина сайна. /Хнца/ муьтхь хили со Сулейманаца цхьана /цхьаъ волчу/ Далла Iаламийн Дена'
27:44
Гочдар: Магомед Магомедов