Мусхаф., агӏо 381

  1. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَىٰ ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ فَإِذَا هُمْ فَرِيقَانِ يَخْتَصِمُونَ

    Оха вахийтира Самудашка церан ваша Салихь‚ Далла Iибадат де‚ аьлла уьш‚ ши тоба а хилла‚ къийса буьйлабелира

    27:45
  2. قَالَ يَا قَوْمِ لِمَ تَسْتَعْجِلُونَ بِالسَّيِّئَةِ قَبْلَ الْحَسَنَةِ ۖ لَوْلَا تَسْتَغْفِرُونَ اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    Цо элира: 'Хй сан къам‚ шу хIунда сихло вониг /дарца/ диканиг /дарал/ хьалха? Гечдар дехахьара аш Деле‚ шух къинхетам бан там бара'

    27:46
  3. قَالُوا اطَّيَّرْنَا بِكَ وَبِمَنْ مَعَكَ ۚ قَالَ طَائِرُكُمْ عِنْدَ اللَّهِ ۖ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ تُفْتَنُونَ

    Цара элира: 'Хьо а‚ хьоьца берш бахьанехь тхуна вон билгалонаш хааелла'. Цо элира: 'Шун дāкъа (диканиг я вониг) Далла гергахь ду. ХIаъ‚ шу ду-кх питане лоьцуш долу къам'

    27:47
  4. وَكَانَ فِي الْمَدِينَةِ تِسْعَةُ رَهْطٍ يُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ وَلَا يُصْلِحُونَ

    Цу гIалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш

    27:48
  5. قَالُوا تَقَاسَمُوا بِاللَّهِ لَنُبَيِّتَنَّهُ وَأَهْلَهُ ثُمَّ لَنَقُولَنَّ لِوَلِيِّهِ مَا شَهِدْنَا مَهْلِكَ أَهْلِهِ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ

    Цара элира: 'Вовшашна дуйнаш баа Делаца‚ вай буьйсана войур ву иза а (Салихь)‚ цуьнан доьзал а‚ тIаккха эр вай цуьнан верасе: 'Тхо дацара цуьнан доьзал хIаллакхуьлучахь‚ тхо бакълуьйш ма ду'

    27:49
  6. وَمَكَرُوا مَكْرًا وَمَكَرْنَا مَكْرًا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    Мекарло йира цара мекарлонца‚ Оха йира /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло мекарлонца‚ царна ца хаалуш

    27:50
  7. فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ مَكْرِهِمْ أَنَّا دَمَّرْنَاهُمْ وَقَوْمَهُمْ أَجْمَعِينَ

    Хьажал‚ муха хилла церан мекарлонан тIаьхье: Оха этра уьш а‚ церан къам а берриге а

    27:51
  8. فَتِلْكَ بُيُوتُهُمْ خَاوِيَةً بِمَا ظَلَمُوا ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    ХIорш ду церан цIенош‚ доьхна лаьтташ‚ цара зулам дина хиларна. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх ша хууш долчу къомана

    27:52
  9. وَأَنْجَيْنَا الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ

    Оха кIелхьарбехира ийман диллина хилларш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш

    27:53
  10. وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ وَأَنْتُمْ تُبْصِرُونَ

    ЛутI а /вахийтира Оха шен къомана тIе/‚ цо шен къоме ма элира: 'Боьханиг леладо ткъа аш шайна гуш долуш? (И боьха хилар)

    27:54
  11. أَئِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ شَهْوَةً مِنْ دُونِ النِّسَاءِ ۚ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ تَجْهَلُونَ

    Шу оьху ткъа божарашна тIе безамца‚ зударий буьтий? ХIаъ‚ шу ду-кх жехIал къам'

    27:55

Гочдар: Магомед Магомедов