Мусхаф., агӏо 382
-
فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَنْ قَالُوا أَخْرِجُوا آلَ لُوطٍ مِنْ قَرْيَتِكُمْ ۖ إِنَّهُمْ أُنَاسٌ يَتَطَهَّرُونَ
Ца хилира цуьнан къоман дала жоп‚ шаьш āлар бен: 'Арабаха ЛутIан доьзал шайн юьртара. Баккъалла а, уьш ма бу цIанбала гIерташ болу нах'
27:56 -
فَأَنْجَيْنَاهُ وَأَهْلَهُ إِلَّا امْرَأَتَهُ قَدَّرْنَاهَا مِنَ الْغَابِرِينَ
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан /цхьа/ зуда йоцург цуьнан кхоллам /запехь/ бухаюьсучарах хилийтира Оха
27:57 -
وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ مَطَرًا ۖ فَسَاءَ مَطَرُ الْمُنْذَرِينَ
Оха доьттира царна тIе догIа вон хилира шайна кхерам тесначарна догIа
27:58 -
قُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ وَسَلَامٌ عَلَىٰ عِبَادِهِ الَّذِينَ اصْطَفَىٰ ۗ آللَّهُ خَيْرٌ أَمَّا يُشْرِكُونَ
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: 'Хастам бу Далла‚ салам ду Цуьнан лешна‚ Цо хаьржина хиллачарна. И АллахДела тоьлу‚ я цара /Цуьнца/ лаьцна накъостий тоьлу?
27:59 -
أَمَّنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَأَنْزَلَ لَكُمْ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَنْبَتْنَا بِهِ حَدَائِقَ ذَاتَ بَهْجَةٍ مَا كَانَ لَكُمْ أَنْ تُنْبِتُوا شَجَرَهَا ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌ يَعْدِلُونَ
Я мила ву Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ шуна стиглара хи а даийтинарг? Оха ялийтина цуьнца (догIица) бошмаш‚ шайца хазалла а йолуш‚ аш ма долуьйтара дацара цуьнца (цу хица) дитт. Кхин дела ву /цу/ АллахIаца цхьана? ХIаъ‚ уьш ду къам‚ ша /Делаца кхиберш/ нисбеш
27:60 -
أَمَّنْ جَعَلَ الْأَرْضَ قَرَارًا وَجَعَلَ خِلَالَهَا أَنْهَارًا وَجَعَلَ لَهَا رَوَاسِيَ وَجَعَلَ بَيْنَ الْبَحْرَيْنِ حَاجِزًا ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Я мила ву Ша латта хилийтинарг чIагIо хилла‚ юккъехула хин татолаш динарг‚ цу тIехь лаьмнаш динарг‚ шина хIорда юккъехь дуьхьало йинарг? Кхин дела ву АллахIаца цхьана? ХIаъ‚ царах дукхахберш ца хууш бу-кх
27:61 -
أَمَّنْ يُجِيبُ الْمُضْطَرَّ إِذَا دَعَاهُ وَيَكْشِفُ السُّوءَ وَيَجْعَلُكُمْ خُلَفَاءَ الْأَرْضِ ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ قَلِيلًا مَا تَذَكَّرُونَ
Я мила ву Ша жоп луш верг шена гIело хиллачунна, цо Шега кхайкхича‚ и зулам дIадоккхуш верг‚ шу хуьлуьйтуш верг лаьттан дай? Кхин дела ву АллахIаца цхьана? Ма кIеззиг ойла йо-кх аш
27:62 -
أَمَّنْ يَهْدِيكُمْ فِي ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ وَمَنْ يُرْسِلُ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ تَعَالَى اللَّهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Я мила ву Ша шу нисдеш верг аренан а‚ хIордан а боданашкахь‚ Ша мох бохуьйтуш верг кхаъ хилла /догIа дарна/ Шен къинхетамал хьалха? Кхин дела ву АллахIаца цхьана? Лакхавели Дела цара /Шеца/ накъост лацарх
27:63
Гочдар: Магомед Магомедов