Мусхаф., агӏо 383
-
أَمَّنْ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ وَمَنْ يَرْزُقُكُمْ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ قُلْ هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Я мила ву Ша кхоллар долош верг‚ тIаккха иза карладоккхург‚ мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а‚ латтара а? Кхин дела ву АллахIаца цхьана? Ахь āла: 'Даладе шайн делил‚ шаьш хиллехь бакълуьйш'
27:64 -
قُلْ لَا يَعْلَمُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ الْغَيْبَ إِلَّا اللَّهُ ۚ وَمَا يَشْعُرُونَ أَيَّانَ يُبْعَثُونَ
Āла: 'Ца хаьа стиглахь волчунна а‚ лаьттахь волчунна а къайлахь дерг, Ша Дела воцчунна'. Царна хаалур дац, шаьш маца дендийр ду
27:65 -
بَلِ ادَّارَكَ عِلْمُهُمْ فِي الْآخِرَةِ ۚ بَلْ هُمْ فِي شَكٍّ مِنْهَا ۖ بَلْ هُمْ مِنْهَا عَمُونَ
ТIекхиъний церан хаарш эхартана? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу цунах. ХIаъ‚ уьш цунах бIаьрса дайна бу
27:66 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَإِذَا كُنَّا تُرَابًا وَآبَاؤُنَا أَئِنَّا لَمُخْرَجُونَ
Элира цатешначара: 'Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду /кешнашкара/?
27:67 -
لَقَدْ وُعِدْنَا هَٰذَا نَحْنُ وَآبَاؤُنَا مِنْ قَبْلُ إِنْ هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
ЧIагIо йинера хIокхунца тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха а. Иза-м хьалхалерачеран туьйранаш бен дац'
27:68 -
قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُجْرِمِينَ
Ахь āла: 'Дсалела лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье'
27:69 -
وَلَا تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَلَا تَكُنْ فِي ضَيْقٍ مِمَّا يَمْكُرُونَ
Ахь са ма гаттаде царна‚ ма хила халонехь цара ечу мекарлонех
27:70 -
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цара олу: 'Маца хир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь'
27:71 -
قُلْ عَسَىٰ أَنْ يَكُونَ رَدِفَ لَكُمْ بَعْضُ الَّذِي تَسْتَعْجِلُونَ
Ахь āла: 'Шуна тьхьадеъна хила тарло цхьацца аш сихдеш дерш'
27:72 -
وَإِنَّ رَبَّكَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَشْكُرُونَ
Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург дозалла долуш ма ву нахана тIехь‚ делахь а, царах дукхахболчара баркалла ца олу-кх
27:73 -
وَإِنَّ رَبَّكَ لَيَعْلَمُ مَا تُكِنُّ صُدُورُهُمْ وَمَا يُعْلِنُونَ
Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург Ша хууш ву-кх церан дегнаша хьулдеш дерг а‚ цара дIахьедориг а
27:74 -
وَمَا مِنْ غَائِبَةٍ فِي السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُبِينٍ
Дац цхьа а къайлаха дерг стиглахь а‚ лаьттахь а билгалчу жайна чохь /яздина/ долуш бен
27:75 -
إِنَّ هَٰذَا الْقُرْآنَ يَقُصُّ عَلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ أَكْثَرَ الَّذِي هُمْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Баккъалла а, хIокху Къуръано дуьйцу Исраилан кIенташна церан шена чохь хилпало йолчух дукхахдерш
27:76
Гочдар: Магомед Магомедов