Мусхаф., агӏо 384
-
وَإِنَّهُ لَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِلْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, иза нийса некъ бу‚ къинхетам а бу муъмин нахана
27:77 -
إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُمْ بِحُكْمِهِ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْعَلِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь Шен хьукамца. Иза веза верг а ву‚ хууш верг а ву
27:78 -
فَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۖ إِنَّكَ عَلَى الْحَقِّ الْمُبِينِ
Хьо тIетовжа Далла. Баккъалла а, хьо билгалчу бакъдолчунна тIехь ма ву
27:79 -
إِنَّكَ لَا تُسْمِعُ الْمَوْتَىٰ وَلَا تُسْمِعُ الصُّمَّ الدُّعَاءَ إِذَا وَلَّوْا مُدْبِرِينَ
Баккъалла а, ахь /хIумма а/ хозуьйтур дац беллачарна‚ ахь кхайкхар хозуьйтур дац къора болчарна, уьш юхабевла дIабевдича
27:80 -
وَمَا أَنْتَ بِهَادِي الْعُمْيِ عَنْ ضَلَالَتِهِمْ ۖ إِنْ تُسْمِعُ إِلَّا مَنْ يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا فَهُمْ مُسْلِمُونَ
Хьо ма вац нисбеш верг бIаьрса доцурш шайн тиларх. Ахь хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешаш болчарна – тIаккха уьш бу муьтхь берш
27:81 -
وَإِذَا وَقَعَ الْقَوْلُ عَلَيْهِمْ أَخْرَجْنَا لَهُمْ دَابَّةً مِنَ الْأَرْضِ تُكَلِّمُهُمْ أَنَّ النَّاسَ كَانُوا بِآيَاتِنَا لَا يُوقِنُونَ
Царна дош тIедоьжча‚ Оха лаьттан кийрара схьадоккхур ду царна бежана‚ цо цаьрца къамел а деш, баккъалла а, нах Тхан аятех ца тешаш хилла, аьлла
27:82 -
وَيَوْمَ نَحْشُرُ مِنْ كُلِّ أُمَّةٍ فَوْجًا مِمَّنْ يُكَذِّبُ بِآيَاتِنَا فَهُمْ يُوزَعُونَ
/Ахь хьахаде/: оцу дийнахь Оха гулйийр ю хIор умматах Тхан аяташ харцдеш хиллачух тоба уьш дIаса- нисбийр бу
27:83 -
حَتَّىٰ إِذَا جَاءُوا قَالَ أَكَذَّبْتُمْ بِآيَاتِي وَلَمْ تُحِيطُوا بِهَا عِلْمًا أَمَّاذَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
ТIаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ беъча‚ /Дала/ эр ду: 'Аш харцдира Сан аяташ? Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ Iилма долуш а‚ хIун Iамал еш хиллера шу?'
27:84 -
وَوَقَعَ الْقَوْلُ عَلَيْهِمْ بِمَا ظَلَمُوا فَهُمْ لَا يَنْطِقُونَ
ТIедуьйжира царна тIе /Iазап бакъхиларан/ дош цара шайгара зулам далийтарна‚ уьш бист ца хуьлу
27:85 -
أَلَمْ يَرَوْا أَنَّا جَعَلْنَا اللَّيْلَ لِيَسْكُنُوا فِيهِ وَالنَّهَارَ مُبْصِرًا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Царна ца го-те Оха хилийтина хилар буьйса‚ шайна чохь садаIан‚ де а серладаккха. Баккъалла а, цу чохь билгалонаш ма ю тешаш долчу къомана
27:86 -
وَيَوْمَ يُنْفَخُ فِي الصُّورِ فَفَزِعَ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ إِلَّا مَنْ شَاءَ اللَّهُ ۚ وَكُلٌّ أَتَوْهُ دَاخِرِينَ
Оцу дийнахь сур локхур ю кхоьрур ву стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а, Далла лиънарг воцург. Массо а Цунна тIе вогIур ву муьтхь а хилла
27:87 -
وَتَرَى الْجِبَالَ تَحْسَبُهَا جَامِدَةً وَهِيَ تَمُرُّ مَرَّ السَّحَابِ ۚ صُنْعَ اللَّهِ الَّذِي أَتْقَنَ كُلَّ شَيْءٍ ۚ إِنَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَفْعَلُونَ
Хьуна гур ду лаьмнаш‚ хьуна шаьш Iуьллуш ду моьттуш амма уьш дIасалелаш хир ду, мархаш санна Делан кхоллар ду иза‚ Ша массо а хIуманна хьукам динчу. Баккъалла а, Иза аш дийриг дика хууш верг ву-кх
27:88
Гочдар: Магомед Магомедов