Мусхаф., агӏо 385

  1. مَنْ جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ خَيْرٌ مِنْهَا وَهُمْ مِنْ فَزَعٍ يَوْمَئِذٍ آمِنُونَ

    Дикачуьнца веънарг цунна цул диканиг /ша деъначух/ хир ду‚ уьш кхерамах оцу дийнахь маьрша хир бу

    27:89
  2. وَمَنْ جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَكُبَّتْ وُجُوهُهُمْ فِي النَّارِ هَلْ تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Вочуьнца веънарг юьхь цIарга ерзийна хир ю цуьнан. Аш еш хиллачу Iамалашца бен бекхам хир буй шуна?

    27:90
  3. إِنَّمَا أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ رَبَّ هَٰذِهِ الْبَلْدَةِ الَّذِي حَرَّمَهَا وَلَهُ كُلُّ شَيْءٍ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْمُسْلِمِينَ

    Суна омра дина хIокха /Макка/ гIалин Дена Iибадат де аьлла‚ Ша иза хьарам йина йолчу‚ Цуьнан ду массо а хIума а. Суна омра дина со муьтхь хиллачарах хила‚ аьлла

    27:91
  4. وَأَنْ أَتْلُوَ الْقُرْآنَ ۖ فَمَنِ اهْتَدَىٰ فَإِنَّمَا يَهْتَدِي لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ ضَلَّ فَقُلْ إِنَّمَا أَنَا مِنَ الْمُنْذِرِينَ

    Къуръан деша аьлла а‚ нисвелларг /цу КIуръана тIе/ иза нислуш ву шена. /Нах ийманах/ тилошболчуьнга ахь āла: 'Со кхерам тосучарах ву'

    27:92
  5. وَقُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ سَيُرِيكُمْ آيَاتِهِ فَتَعْرِفُونَهَا ۚ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Ахь āла: 'Хастам бу Далла. Цо гойтур ду шуна Шен аяташ тIаккха шуна уьш девзар ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац аш дийриг тидаме ца оьцуш'

    27:93
  6. طسم

    ТIа-сūн-мūм

    28:1
  7. تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ

    ХIорш ду хIуманаш билгалдечу жайнан аяташ

    28:2
  8. نَتْلُو عَلَيْكَ مِنْ نَبَإِ مُوسَىٰ وَفِرْعَوْنَ بِالْحَقِّ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Оха дуьйцу хьуна Мусан а‚ ФирIавнан а хабарех цхьадерш бакъдолчуьнца тешачу къомана /пайда хилийтан/

    28:3
  9. إِنَّ فِرْعَوْنَ عَلَا فِي الْأَرْضِ وَجَعَلَ أَهْلَهَا شِيَعًا يَسْتَضْعِفُ طَائِفَةً مِنْهُمْ يُذَبِّحُ أَبْنَاءَهُمْ وَيَسْتَحْيِي نِسَاءَهُمْ ۚ إِنَّهُ كَانَ مِنَ الْمُفْسِدِينَ

    Баккъалла а, ФирIавн вазвелира /Мисран/ лаьттахь‚ цуьнан нахах тобанаш йира цо‚ царах цхьа тоба гIелъеш. Цо байара церан кIентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъалла а, иза хилира пасад хманаш (телхина мел дерг) лелочарах

    28:4
  10. وَنُرِيدُ أَنْ نَمُنَّ عَلَى الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا فِي الْأَرْضِ وَنَجْعَلَهُمْ أَئِمَّةً وَنَجْعَلَهُمُ الْوَارِثِينَ

    Тхуна лиира шаьш лаьттахь гIелбина хиллачарах (Исраилан кнтех) къинхетам бан а‚ царах имамаш бан а‚ уьш ирс оьцурш бан а,

    28:5

Гочдар: Магомед Магомедов