Мусхаф., агӏо 386

  1. وَنُمَكِّنَ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَنُرِيَ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا مِنْهُمْ مَا كَانُوا يَحْذَرُونَ

    Уьш чIагIбан а лаьттахь, ФирIавна а‚ ХIаманна а‚ цу шиннан эскарна а гайта а уьш шех кхоьруш дерг

    28:6
  2. وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ أُمِّ مُوسَىٰ أَنْ أَرْضِعِيهِ ۖ فَإِذَا خِفْتِ عَلَيْهِ فَأَلْقِيهِ فِي الْيَمِّ وَلَا تَخَافِي وَلَا تَحْزَنِي ۖ إِنَّا رَادُّوهُ إِلَيْكِ وَجَاعِلُوهُ مِنَ الْمُرْسَلِينَ

    Оха хаам бира Мусан нене вакхаве иза‚ аьлла. Нагахь хьо кхерахь цунах (Мусана бохам хиларх)‚ ахь кхосса иза хIорда чу кхера ма кхера‚ са ма гатде Оха юхаверзор ву иза хьоьга‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех

    28:7
  3. فَالْتَقَطَهُ آلُ فِرْعَوْنَ لِيَكُونَ لَهُمْ عَدُوًّا وَحَزَنًا ۗ إِنَّ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا كَانُوا خَاطِئِينَ

    Иза схьаваьккхира /Нил хина чуьра/ ФирIавнан доьзало цунах шайна мостагI а‚ сингаттам а хилийта. Баккъалла а, ФирIавн а‚ ХIаман а‚ цу шиннан эскар а хилира глатбевларш

    28:8
  4. وَقَالَتِ امْرَأَتُ فِرْعَوْنَ قُرَّتُ عَيْنٍ لِي وَلَكَ ۖ لَا تَقْتُلُوهُ عَسَىٰ أَنْ يَنْفَعَنَا أَوْ نَتَّخِذَهُ وَلَدًا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    ФирIавнан зудчо элира: 'Суна а‚ хьуна а бIаьргийн марзо ю-кх! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай доьзалхо лоцур цунах царна хаалуш дацара…/оцунах хиндерг/

    28:9
  5. وَأَصْبَحَ فُؤَادُ أُمِّ مُوسَىٰ فَارِغًا ۖ إِنْ كَادَتْ لَتُبْدِي بِهِ لَوْلَا أَنْ رَبَطْنَا عَلَىٰ قَلْبِهَا لِتَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    Мусан ненан дог даьсса Iуьйренга делира. Иза гергаяра цуьнца гучуяла Оха цуьнан дог чIагIдина ца хиллехьара иза (Мусан нана) хилийтархьама /Делан ваIдих/ тешачарах

    28:10
  6. وَقَالَتْ لِأُخْتِهِ قُصِّيهِ ۖ فَبَصُرَتْ بِهِ عَنْ جُنُبٍ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    Цо элира цуьнан йише: 'Хьада‚ цунна тIаьхьагIо'. Иза хьоьжура цуьнга агIорхьара‚ царна хаа ца луш

    28:11
  7. وَحَرَّمْنَا عَلَيْهِ الْمَرَاضِعَ مِنْ قَبْلُ فَقَالَتْ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ أَهْلِ بَيْتٍ يَكْفُلُونَهُ لَكُمْ وَهُمْ لَهُ نَاصِحُونَ

    Оха хьарам бира цунна и вакхон зударий хьалха. ТIаккха цо элира: 'Ас нисдой шу цIийнан охIлана тIе, шуна иза кхобург волчу‚ шаьш цунна хьехамчаш а хуьлуш'

    28:12
  8. فَرَدَدْنَاهُ إِلَىٰ أُمِّهِ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ وَلِتَعْلَمَ أَنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    ТIаккха Оха юхаверзира иза шен нене‚ цуьнан бIаьрг марзбала а‚ цо сагат ца дан а‚ цунна хаийтархьама а Делан ваIда хьакъ-бакъ хилар‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    28:13

Гочдар: Магомед Магомедов