Мусхаф., агӏо 387

  1. وَلَمَّا بَلَغَ أَشُدَّهُ وَاسْتَوَىٰ آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Иза (Муса) гметтахьттича‚ нисвелча‚ Оха цунна делира хьукам а‚ Iилма а. Иштта бекхам бо Оха дикачарна

    28:14
  2. وَدَخَلَ الْمَدِينَةَ عَلَىٰ حِينِ غَفْلَةٍ مِنْ أَهْلِهَا فَوَجَدَ فِيهَا رَجُلَيْنِ يَقْتَتِلَانِ هَٰذَا مِنْ شِيعَتِهِ وَهَٰذَا مِنْ عَدُوِّهِ ۖ فَاسْتَغَاثَهُ الَّذِي مِنْ شِيعَتِهِ عَلَى الَّذِي مِنْ عَدُوِّهِ فَوَكَزَهُ مُوسَىٰ فَقَضَىٰ عَلَيْهِ ۖ قَالَ هَٰذَا مِنْ عَمَلِ الشَّيْطَانِ ۖ إِنَّهُ عَدُوٌّ مُضِلٌّ مُبِينٌ

    Глина чоьхьавелира иза цуьнан нах гIовпал болчу хенахь. Цунна карийра цу чохь ши стаг вовшах леташ: хIара хIокхун тобанех‚ важа хIокхун мостагIех. Цуьнга гIо дийхира цуьнан тобанех волчо цуьнан мостагIех волчунна тIехь. Мусас цунна буй туьйхира цо иза чекхваьккхира. Цо (Мусас) элира: 'ХIара шайтIанан гIуллакхех ду. Баккъалла а, иза билгала тилавеш мостагI ду'

    28:15
  3. قَالَ رَبِّ إِنِّي ظَلَمْتُ نَفْسِي فَاغْفِرْ لِي فَغَفَرَ لَهُ ۚ إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ

    Цо (Мусас хьаставелла Деле) элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ ас сан дегIана зулам ма дина‚ гечдехьа суна'. Цо цунна гечдира. Баккъалла а, Иза тх гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву

    28:16
  4. قَالَ رَبِّ بِمَا أَنْعَمْتَ عَلَيَّ فَلَنْ أَكُونَ ظَهِيرًا لِلْمُجْرِمِينَ

    Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь суна ниIмат даларца сох цкъа а хир ма вац къиношдечарна гIоьнча'

    28:17
  5. فَأَصْبَحَ فِي الْمَدِينَةِ خَائِفًا يَتَرَقَّبُ فَإِذَا الَّذِي اسْتَنْصَرَهُ بِالْأَمْسِ يَسْتَصْرِخُهُ ۚ قَالَ لَهُ مُوسَىٰ إِنَّكَ لَغَوِيٌّ مُبِينٌ

    Иза Iуьйранга велира глахь кхоьруш‚ сема хуьлуш. /Ша иштта лаьтташ/ селхана шега гIо дийхинарг шега мохь бетташ /гира цунна/. Мусас цуьнга элира: 'Баккъалла а, ма гуш-лаьтташ тилавелларг ву-кх хьо!'

    28:18
  6. فَلَمَّا أَنْ أَرَادَ أَنْ يَبْطِشَ بِالَّذِي هُوَ عَدُوٌّ لَهُمَا قَالَ يَا مُوسَىٰ أَتُرِيدُ أَنْ تَقْتُلَنِي كَمَا قَتَلْتَ نَفْسًا بِالْأَمْسِ ۖ إِنْ تُرِيدُ إِلَّا أَنْ تَكُونَ جَبَّارًا فِي الْأَرْضِ وَمَا تُرِيدُ أَنْ تَكُونَ مِنَ الْمُصْلِحِينَ

    ТIаккха шайн шиннан мостагI волчунна тоха цунна (Мусана) лиъча‚ цо элира: 'ХIай Муса‚ со вēн лууш ву-кх хьо‚ айхьа селхана стаг вēрах терра‚ хьо лууш ма вац лаьттахь ницкъ беш верг хилла /н а/ бен‚ хьо лууш ма вац /нахана юккъехь/ маслахьат дечарах хила'

    28:19
  7. وَجَاءَ رَجُلٌ مِنْ أَقْصَى الْمَدِينَةِ يَسْعَىٰ قَالَ يَا مُوسَىٰ إِنَّ الْمَلَأَ يَأْتَمِرُونَ بِكَ لِيَقْتُلُوكَ فَاخْرُجْ إِنِّي لَكَ مِنَ النَّاصِحِينَ

    Цхьа стаг веара гIалин йистера ведда‚ цо элира: 'ХIай Муса! /ГIалин/ дай дагабевла хьо вēн‚ аравалалахь /хIокху махкара/. Со хьуна хьехамбечарах ву'

    28:20
  8. فَخَرَجَ مِنْهَا خَائِفًا يَتَرَقَّبُ ۖ قَالَ رَبِّ نَجِّنِي مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Иза цигара (гIалара) аравелира кхоьруш‚ сема хуьлуш. Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ кIелхьарваккхахь со зуламечу къомах'

    28:21

Гочдар: Магомед Магомедов