Мусхаф., агӏо 393

  1. وَمَا أُوتِيتُمْ مِنْ شَيْءٍ فَمَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَزِينَتُهَا ۚ وَمَا عِنْدَ اللَّهِ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    Шуна делла хIума иза дуьненан дахаран /кззиг/ хма ду‚ цуьнан хазалла а ю-/чекхдер долуш а ду и дерриге а/. Далла гергахьдерг дика а‚ мелхо а бухадуьссуш а ду. Шу хьекъале ца хуьлу /и диканиг а, бухадуьсург а харжа/?

    28:60
  2. أَفَمَنْ وَعَدْنَاهُ وَعْدًا حَسَنًا فَهُوَ لَاقِيهِ كَمَنْ مَتَّعْنَاهُ مَتَاعَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ثُمَّ هُوَ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مِنَ الْمُحْضَرِينَ

    Оха шеца /ялсамане гIур ву аьлла/ хаза ваIда йинарг, иза цунах кхиар а волуш, тера вуй ткъа Оха шена дуьненан дахаран хьал делла, тIаьхьа ша къематдийнахь /жоьжахате/ бахийтинчарах хир волчух?

    28:61
  3. وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنْتُمْ تَزْعُمُونَ

    Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: 'Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна Соьца хилла моьттуш хилла болу?'

    28:62
  4. قَالَ الَّذِينَ حَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ رَبَّنَا هَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ أَغْوَيْنَا أَغْوَيْنَاهُمْ كَمَا غَوَيْنَا ۖ تَبَرَّأْنَا إِلَيْكَ ۖ مَا كَانُوا إِيَّانَا يَعْبُدُونَ

    Эр шайна тIехь /жоьжахате гIур бу аьлла/ дош бакъхиллачара: 'Тхо Кхиош-кхобург‚ хIорш бу оха тилинарш‚ оха уьш тилира тхаьш тиладарх терра. Тхо цIандели /царах/ Хьоьга /дерзарца/. Уьш ца хилла тхуна Iибадат деш'

    28:63
  5. وَقِيلَ ادْعُوا شُرَكَاءَكُمْ فَدَعَوْهُمْ فَلَمْ يَسْتَجِيبُوا لَهُمْ وَرَأَوُا الْعَذَابَ ۚ لَوْ أَنَّهُمْ كَانُوا يَهْتَدُونَ

    Элира: 'Схьакхайкха шайн накъостий /шайна гIо дан/'. Цара кхайкхира цаьрга. Цара жоп ца делира царна‚ царна гира Iазап. /Ма лиира царна шаьш/ нийсачу новкъахь хиллехьара‚ аьлла!

    28:64
  6. وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ مَاذَا أَجَبْتُمُ الْمُرْسَلِينَ

    Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: 'ХIун жоп делира аш элчанашка?'

    28:65
  7. فَعَمِيَتْ عَلَيْهِمُ الْأَنْبَاءُ يَوْمَئِذٍ فَهُمْ لَا يَتَسَاءَلُونَ

    Iаьржа хир ду царна хабарш оцу дийнахь‚ цара вовшашка хIумма а хоьттур дац

    28:66
  8. فَأَمَّا مَنْ تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَعَسَىٰ أَنْ يَكُونَ مِنَ الْمُفْلِحِينَ

    Амма тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а тарло иза хила баккхийбечарах

    28:67
  9. وَرَبُّكَ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ وَيَخْتَارُ ۗ مَا كَانَ لَهُمُ الْخِيَرَةُ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Хьан Кхиош-кхобучо кхуллу Шена луург‚ хоржа а хоржу. Дацара царна харжар. ЦIанвели Дела /массо а кхачамбацарех/‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх

    28:68
  10. وَرَبُّكَ يَعْلَمُ مَا تُكِنُّ صُدُورُهُمْ وَمَا يُعْلِنُونَ

    Хьан Кхиош-кхобучунна хаьа‚ хIун дIахьулдина церан дегнаша‚ хIун цара дIахьедош ду

    28:69
  11. وَهُوَ اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ لَهُ الْحَمْدُ فِي الْأُولَىٰ وَالْآخِرَةِ ۖ وَلَهُ الْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Иза АллахI-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Цунна хастам бу хьалхарчахь а‚ тIаьхьарчахь а. Цуьнан ду хьукам а‚ Цунна тIе дIадерзор ду шу а

    28:70

Гочдар: Магомед Магомедов