Мусхаф., агӏо 399

  1. فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَنْ قَالُوا اقْتُلُوهُ أَوْ حَرِّقُوهُ فَأَنْجَاهُ اللَّهُ مِنَ النَّارِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Ца хилира цуьнан къоман жоп цара алар бен: 'Ве иза‚ я вагаве иза!' Оха кIелхьарваьккхира /ИбрахIим/ цIарах. Баккъалла а, цу чохь аяташ (делилаш) ма ду тешачу къомана

    29:24
  2. وَقَالَ إِنَّمَا اتَّخَذْتُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَوْثَانًا مَوَدَّةَ بَيْنِكُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ ثُمَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكْفُرُ بَعْضُكُمْ بِبَعْضٍ وَيَلْعَنُ بَعْضُكُمْ بَعْضًا وَمَأْوَاكُمُ النَّارُ وَمَا لَكُمْ مِنْ نَاصِرِينَ

    Цо (ИбрахIимо) элира: 'Баккъалла а, аш леци-кх Дела а витина жарш (цIуш) безам хилла вовший юккъехь дуьненан дахарехь. ТIаьхьа къематдийнахь шух цхьаболчара вукхарна керстадийр ма ду‚ цхьаболчара вукхарна неIалт эр ма ду‚ шун чугIойла цIе ма ю. Ма бац шуна цхьа а гIоьнчий'

    29:25
  3. فَآمَنَ لَهُ لُوطٌ ۘ وَقَالَ إِنِّي مُهَاجِرٌ إِلَىٰ رَبِّي ۖ إِنَّهُ هُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Цунах тийшира ЛутI. Цо элира: 'Со дIакхелха сан Кхиош-кхобучуьнга‚ баккъалла а, Иза ву веза верг а‚ хьукаме верг а'

    29:26
  4. وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَجَعَلْنَا فِي ذُرِّيَّتِهِ النُّبُوَّةَ وَالْكِتَابَ وَآتَيْنَاهُ أَجْرَهُ فِي الدُّنْيَا ۖ وَإِنَّهُ فِي الْآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ

    Оха велира цунна (ИбрахIимна) Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а‚ хилийтира цуьнан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а, дIаелира цунна шен ял дуьненахь. Баккъалла а, иза эхартахь а дикачарах ма ву

    29:27
  5. وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ مَا سَبَقَكُمْ بِهَا مِنْ أَحَدٍ مِنَ الْعَالَمِينَ

    ЛутI а /хьахаве/‚ цо ма элира шен къоме: 'Баккъалла а, аш дахьаш ма ду боьханиг‚ шеца Iаламех шул хьалха цхьа а ца ваьлларг

    29:28
  6. أَئِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ وَتَقْطَعُونَ السَّبِيلَ وَتَأْتُونَ فِي نَادِيكُمُ الْمُنْكَرَ ۖ فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَنْ قَالُوا ائْتِنَا بِعَذَابِ اللَّهِ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Шу доьду ткъа божаршна тIе‚ аш хеда ма бо ткъа некъ. Аш леладо шайн синкъерамехь ирчаниг.' Ца хилира цуьнан къоман жоп цара āлар бен: 'Дайта тхуна Делан Iазап‚ хьо хиллехь бакълуьйчарах'

    29:29
  7. قَالَ رَبِّ انْصُرْنِي عَلَى الْقَوْمِ الْمُفْسِدِينَ

    Цо элира /Деле доьхуш/: 'Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь гIо делахь суна пасад хIума лелочу къомана тIехь'

    29:30

Гочдар: Магомед Магомедов