Мусхаф., агӏо 400

  1. وَلَمَّا جَاءَتْ رُسُلُنَا إِبْرَاهِيمَ بِالْبُشْرَىٰ قَالُوا إِنَّا مُهْلِكُو أَهْلِ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ ۖ إِنَّ أَهْلَهَا كَانُوا ظَالِمِينَ

    Тхан элчанаш баьхкича ИбрахIимна тIе кхаъца‚ цара элира: 'Баккъалла а, тхо ду хIокху юьртан нах хIаллакбан дохкуш. Баккъалла а, цуьнан нах хили зуламхой'

    29:31
  2. قَالَ إِنَّ فِيهَا لُوطًا ۚ قَالُوا نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَنْ فِيهَا ۖ لَنُنَجِّيَنَّهُ وَأَهْلَهُ إِلَّا امْرَأَتَهُ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ

    Цо (ИбрахIим пайхамара) элира: 'Ткъа царна юккъехь ЛутI ма вуй'. Цара элира: 'Тхо дика хууш ду цу чохь мила ву. Оха ваккханне а кIелхьарвоккхур ву иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан зуда йоцург иза хили /халлакхилла/ байначарах'

    29:32
  3. وَلَمَّا أَنْ جَاءَتْ رُسُلُنَا لُوطًا سِيءَ بِهِمْ وَضَاقَ بِهِمْ ذَرْعًا وَقَالُوا لَا تَخَفْ وَلَا تَحْزَنْ ۖ إِنَّا مُنَجُّوكَ وَأَهْلَكَ إِلَّا امْرَأَتَكَ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ

    Тхан элчанаш баьхкича ЛутI волчу, уьш бахьанехь пошме хилира иза‚ дог гатделира /кийрахь – уьш шен къоман боьхачу хIуманах ларбалур бац шена моттаделла/. Цара /шаьш Делан элчий дуй хаийтина/ элира: 'Хьо ма кхера‚ ахь сагат ма де. Баккъалла а, тхо ду хьо а, хьан доьзал а кIелхьардохур дерш‚ хьан зуда йоцург иза хили /хIаллакхилла/ байначарах

    29:33
  4. إِنَّا مُنْزِلُونَ عَلَىٰ أَهْلِ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ رِجْزًا مِنَ السَّمَاءِ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ

    Баккъалла а, Оха доссор ду хIокху юьртан нахана тIе стиглара Iазап уьш песакх хиларна'

    29:34
  5. وَلَقَدْ تَرَكْنَا مِنْهَا آيَةً بَيِّنَةً لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ

    Оха дитира цунах билгала асар хьекъалечу нахана

    29:35
  6. وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا فَقَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَارْجُوا الْيَوْمَ الْآخِرَ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ

    Мадйане /вахийтира Оха/ церан ваша ШуIайб. Цо элира: 'ХIай сан къам‚ Далла Iибадат де‚ дог даха эхарчу дийне‚ ма даржаде лаьттахь пасад хIума'

    29:36
  7. فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ

    Цара иза харцвира. Уьш схьалецира /латта/ластаро тIаккха уьш Iуьйранга бевлира шайн цIеношкахь горабахана

    29:37
  8. وَعَادًا وَثَمُودَ وَقَدْ تَبَيَّنَ لَكُمْ مِنْ مَسَاكِنِهِمْ ۖ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَصَدَّهُمْ عَنِ السَّبِيلِ وَكَانُوا مُسْتَبْصِرِينَ

    Iадаш а‚ Самудаш а /хIаллакбира Оха/. Шуна гучуделира церан цIенош. Хазйира царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилира уьш /нисчу/ некъах‚ уьш хиллехь а дика гуш

    29:38

Гочдар: Магомед Магомедов