Мусхаф., агӏо 5
-
وَبَشِّرِ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ كُلَّمَا رُزِقُوا مِنْهَا مِنْ ثَمَرَةٍ رِزْقًا ۙ قَالُوا هَٰذَا الَّذِي رُزِقْنَا مِنْ قَبْلُ ۖ وَأُتُوا بِهِ مُتَشَابِهًا ۖ وَلَهُمْ فِيهَا أَزْوَاجٌ مُطَهَّرَةٌ ۖ وَهُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Ахь /хIай Мухьаммад/ кхаъ баккха ийман диллинчарга а, дика Iамалш йиначаьрга а шайна /ялсаманин/ бошмаш хирг хиларца‚ бухахула оьхуш хиш а долуш. Хразза шайна цу чуьра стоьмех рицкъ мел дели‚ цара эр ду: 'ХIарра дара хьалха а вайна луш хилларг' – царна хьалха а деллера цунах тераниг /делахь а хра кхин дара чамаца а, хьожаца а, куц тера хиллехь а/. Царна цу чохь цIена зударий а хир бу‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар бу
2:25 -
إِنَّ اللَّهَ لَا يَسْتَحْيِي أَنْ يَضْرِبَ مَثَلًا مَا بَعُوضَةً فَمَا فَوْقَهَا ۚ فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا فَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّهِمْ ۖ وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا فَيَقُولُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًا ۘ يُضِلُّ بِهِ كَثِيرًا وَيَهْدِي بِهِ كَثِيرًا ۚ وَمَا يُضِلُّ بِهِ إِلَّا الْفَاسِقِينَ
Баккъалла а, Дела ийза ца ло масал даладан: чуьрккал хIуманах а‚ цул лакхарчех а (тоьлуш долчех я цул оьшуш долчех а). Ийман диллинчарна хаьа и шайн Делера бакъдерг дуйла‚ ткъа цатешачара олу: 'ХIун лиъна-те Далла цу масалца?' Цо тилабо цуьнца дуккха а берш‚ Цо нисбо цуьнца дуккха а берш. Цуьнца тила-м ца бо Цо песакх берш бен
2:26 -
الَّذِينَ يَنْقُضُونَ عَهْدَ اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مِيثَاقِهِ وَيَقْطَعُونَ مَا أَمَرَ اللَّهُ بِهِ أَنْ يُوصَلَ وَيُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Уьш ма бу йохош Делаца хилла ваIда барт хиллачул тIаьхьа‚ цара хедадо Дала хотта аьлла омра динарг‚ леладо лаьтта тIехь боьханиг‚ – уьш ма бу эшнарш
2:27 -
كَيْفَ تَكْفُرُونَ بِاللَّهِ وَكُنْتُمْ أَمْوَاتًا فَأَحْيَاكُمْ ۖ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Шу муха ца теша Делах? Шу делла ма дара. ТIаккха Цо шу ден ма дира. Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду‚ тIаккха Цунна тIе дIадерзор ду шу
2:28 -
هُوَ الَّذِي خَلَقَ لَكُمْ مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا ثُمَّ اسْتَوَىٰ إِلَى السَّمَاءِ فَسَوَّاهُنَّ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ ۚ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Иза ву лаьтта тIехь мел дерг шуна кхоьллинарг‚ тIаккха тIевирзира И стигланна – Цо дIанисйира и ворхI стигалца‚ – И массо а хIуманах дерг Шена хууш верг ма ву
2:29
Гочдар: Магомед Магомедов