Мусхаф., агӏо 401

  1. وَقَارُونَ وَفِرْعَوْنَ وَهَامَانَ ۖ وَلَقَدْ جَاءَهُمْ مُوسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ فَاسْتَكْبَرُوا فِي الْأَرْضِ وَمَا كَانُوا سَابِقِينَ

    Къарун а‚ ФирIавн а‚ ХIаман а /хIаллакбира Оха/. Веара цаьрга Муса билгалонашца‚ куралла йира цара лаьттахь‚ уьш ца хилира хьалхабовлурш /Тхан Iазапах/

    29:39
  2. فَكُلًّا أَخَذْنَا بِذَنْبِهِ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ أَرْسَلْنَا عَلَيْهِ حَاصِبًا وَمِنْهُمْ مَنْ أَخَذَتْهُ الصَّيْحَةُ وَمِنْهُمْ مَنْ خَسَفْنَا بِهِ الْأَرْضَ وَمِنْهُمْ مَنْ أَغْرَقْنَا ۚ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Массо а схьалецира Оха шен къица. Царах бу Оха шайна тIе чIогIа мох бахийтинарш а‚ царах бу мохь тохаро схьалийцинарш а‚ царах бу Оха шаьш лаьтта бухабахийтинарш а‚ царах бу Оха шаьш хина бухабахийтинарш а. Ца хилира Дела царна зулам деш‚ делахь а, шаьш хилира уьш шайна зулам деш

    29:40
  3. مَثَلُ الَّذِينَ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ أَوْلِيَاءَ كَمَثَلِ الْعَنْكَبُوتِ اتَّخَذَتْ بَيْتًا ۖ وَإِنَّ أَوْهَنَ الْبُيُوتِ لَبَيْتُ الْعَنْكَبُوتِ ۖ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ

    Дела воцург /кхин/ гIоьнчий лаьцначеран масал хIусам лаьцначу гезган масалх тера ду баккъалла а, уггар ледара хIусам гезган хIусам ю-кх‚ уьш хууш хиллехь

    29:41
  4. إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ مِنْ شَيْءٍ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Баккъалла а, Далла хууш ду, Ша а витина цара шега кхойкху хIума. Иза веза верг а ву‚ хьукаме верг а ву

    29:42
  5. وَتِلْكَ الْأَمْثَالُ نَضْرِبُهَا لِلنَّاسِ ۖ وَمَا يَعْقِلُهَا إِلَّا الْعَالِمُونَ

    ХIара масалш Оха даладо нахана. Церан ойла-м ца йо Iеламнаха бен

    29:43
  6. خَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِلْمُؤْمِنِينَ

    Дала кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъонца. Баккъалла а, цу чохь делил ду муъмин нахана

    29:44
  7. اتْلُ مَا أُوحِيَ إِلَيْكَ مِنَ الْكِتَابِ وَأَقِمِ الصَّلَاةَ ۖ إِنَّ الصَّلَاةَ تَنْهَىٰ عَنِ الْفَحْشَاءِ وَالْمُنْكَرِ ۗ وَلَذِكْرُ اللَّهِ أَكْبَرُ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تَصْنَعُونَ

    Ахь деша хьайга вехьеца даийтинчу жайнах‚ ламаз хIоттаде. Баккъалла а, ламазо духатуху боьханиг а‚ ирчаниг а. Дела хьехор мелхо а доккха ду. Дела хууш ву аш дийриг

    29:45

Гочдар: Магомед Магомедов