Мусхаф., агӏо 402
-
وَلَا تُجَادِلُوا أَهْلَ الْكِتَابِ إِلَّا بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ إِلَّا الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْهُمْ ۖ وَقُولُوا آمَنَّا بِالَّذِي أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَأُنْزِلَ إِلَيْكُمْ وَإِلَٰهُنَا وَإِلَٰهُكُمْ وَاحِدٌ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Аш ма къийса жайнан охIланца уггар дикачуьнца бен царах зулам динарш боцучаьрца. Аш āла: 'Оха ийман дилли тхоьга доссинчуьнга а‚ шуьга доссинчуьнга а‚ Тхан Дела а‚ шун Дела а цхьаъ ву‚ тхо Цунна муьтIахь ду'
29:46 -
وَكَذَٰلِكَ أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ ۚ فَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۖ وَمِنْ هَٰؤُلَاءِ مَنْ يُؤْمِنُ بِهِ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِآيَاتِنَا إِلَّا الْكَافِرُونَ
Иштта Оха доссира хьоьга жайна. Оха шайга жайна делларш цунах тешаш бу. ХIокхарах а (Iаьрбех) цунах тешаш верг ву. Тхан аятех ца тешаш бац керстанаш бен
29:47 -
وَمَا كُنْتَ تَتْلُو مِنْ قَبْلِهِ مِنْ كِتَابٍ وَلَا تَخُطُّهُ بِيَمِينِكَ ۖ إِذًا لَارْتَابَ الْمُبْطِلُونَ
Хьо вацара-май /хIай Мухьаммад/ цул хьалха (Къуръан доссале) цхьа а жайна доьшуш а‚ яздеш а хьан /аьтту/ куьйга хиллехьара цу харцболчара шеко йийр ма яра
29:48 -
بَلْ هُوَ آيَاتٌ بَيِّنَاتٌ فِي صُدُورِ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِآيَاتِنَا إِلَّا الظَّالِمُونَ
ХIаъ‚ уьш кхеташ долу аяташ ду шайна Iилма деллачеран дегнашкахь долу. Тхан аятех ца тешаш бац зуламхой бен
29:49 -
وَقَالُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ آيَاتٌ مِنْ رَبِّهِ ۖ قُلْ إِنَّمَا الْآيَاتُ عِنْدَ اللَّهِ وَإِنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُبِينٌ
Цара элира: 'Доьссинехьара цуьнга делилш шен Кхиош-кхобучуьнгара. Ахь āла: 'Делилш Делан ду‚ со билгала волу кхерамча ву'
29:50 -
أَوَلَمْ يَكْفِهِمْ أَنَّا أَنْزَلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَرَحْمَةً وَذِكْرَىٰ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Царна кхачо ца йо-те Оха хьоьга шайна тIехь доьшуш долу жайна доссийна хиларо? Баккъалла а, цу чохь къинхетам а‚ хьехам а ма бу тешаш болчу нахана
29:51 -
قُلْ كَفَىٰ بِاللَّهِ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ شَهِيدًا ۖ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَالَّذِينَ آمَنُوا بِالْبَاطِلِ وَكَفَرُوا بِاللَّهِ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Ахь āла: 'Кхачо йо суний шуний юккъехь Дела теш хиларо. Цунна хаьа стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Харцдолчунна ийман диллинарш‚ Далла керстаналла динарш уьш бу эшнарш'
29:52
Гочдар: Магомед Магомедов