Мусхаф., агӏо 404

  1. وَمَا هَٰذِهِ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا لَهْوٌ وَلَعِبٌ ۚ وَإِنَّ الدَّارَ الْآخِرَةَ لَهِيَ الْحَيَوَانُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ

    ХIара дуьненан дахар-м дац эрна хан яйар а‚ ловзар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа иза ду дахар, уьш хууш хиллехь!

    29:64
  2. فَإِذَا رَكِبُوا فِي الْفُلْكِ دَعَوُا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ فَلَمَّا نَجَّاهُمْ إِلَى الْبَرِّ إِذَا هُمْ يُشْرِكُونَ

    Шаьш кемана тIе хиъча, цара Деле кхойкху, шаьш Цунна дин цIандеш. Цо уьш аренга кIелхьарбаьхча, цара /Цуьнца/ накъост лоцу

    29:65
  3. لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ وَلِيَتَمَتَّعُوا ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ

    Керстадархьама Оха шайн делларг‚ зовкх хьегархьама а. ТIаьхьа хуур ду царна

    29:66
  4. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا جَعَلْنَا حَرَمًا آمِنًا وَيُتَخَطَّفُ النَّاسُ مِنْ حَوْلِهِمْ ۚ أَفَبِالْبَاطِلِ يُؤْمِنُونَ وَبِنِعْمَةِ اللَّهِ يَكْفُرُونَ

    Царна ца го-те‚ Оха ма йина Хьарам кхерам боцуш (тешаме)‚ ткъа царна (Маккан бахархойн) гонахь /йолчу кхечу ярташкахь/ нах луьйцуш (зуламаш деш)? Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIмат керстадо?

    29:67
  5. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُ ۚ أَلَيْسَ فِي جَهَنَّمَ مَثْوًى لِلْكَافِرِينَ

    Мила ву вуно зуламе Далла тIехь харцдерг кхуллучул‚ я бакъдерг, шега и деъначул тIаьхьа, харцдеш волчул? Ткъа жоьжахатина чохь /Iан/ меттиг яц керстанашна?

    29:68
  6. وَالَّذِينَ جَاهَدُوا فِينَا لَنَهْدِيَنَّهُمْ سُبُلَنَا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَمَعَ الْمُحْسِنِينَ

    Тхайгахь къахьегнарш уьш нисбийр бу Оха Тхан некъана тIе. Баккъалла а, Дела ву-кх дикачаьрца

    29:69
  7. الم

    Алиф-лāм-мúм

    30:1
  8. غُلِبَتِ الرُّومُ

    Эшинера румой /парисаша/,

    30:2
  9. فِي أَدْنَى الْأَرْضِ وَهُمْ مِنْ بَعْدِ غَلَبِهِمْ سَيَغْلِبُونَ

    Лаьттана (шайн махкана) мелхо а гергахь. Уьш шайн эшарал тIаьхьа тоьлур болуш бу

    30:3
  10. فِي بِضْعِ سِنِينَ ۗ لِلَّهِ الْأَمْرُ مِنْ قَبْلُ وَمِنْ بَعْدُ ۚ وَيَوْمَئِذٍ يَفْرَحُ الْمُؤْمِنُونَ

    Цхьа масийтта шарах. Делан ду гIуллакх хьалха а‚ тIаьхьа а. Оцу дийнахь хазахетар ду муъманахана

    30:4
  11. بِنَصْرِ اللَّهِ ۚ يَنْصُرُ مَنْ يَشَاءُ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Делан гIоьнца. Цо гIо до Шена луучунна. Иза веза верг а‚ къинхетаме верг а ву

    30:5

Гочдар: Магомед Магомедов