Мусхаф., агӏо 405

  1. وَعْدَ اللَّهِ ۖ لَا يُخْلِفُ اللَّهُ وَعْدَهُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    Делан ваIда ю. Дала йоха ца йо Шен ваIда‚ делахь а, нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх

    30:6
  2. يَعْلَمُونَ ظَاهِرًا مِنَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَهُمْ عَنِ الْآخِرَةِ هُمْ غَافِلُونَ

    Царна хаьа дуьненан дахарах гучахь дерг‚ эхартах уьш гIовпал бу

    30:7
  3. أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُوا فِي أَنْفُسِهِمْ ۗ مَا خَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَأَجَلٍ مُسَمًّى ۗ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ بِلِقَاءِ رَبِّهِمْ لَكَافِرُونَ

    Цара ойла ца йо-те шайх? Дала ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а бакъонца а‚ цхьана тоьхна ханна а бен. Баккъалла а, нахах дукхаберш шайн Кхиош-кхобучунна дуьхьалкхетар керстадеш бу-кх

    30:8
  4. أَوَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوا أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً وَأَثَارُوا الْأَرْضَ وَعَمَرُوهَا أَكْثَرَ مِمَّا عَمَرُوهَا وَجَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ ۖ فَمَا كَانَ اللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Уьш лелаш бац лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш царал чIогIо ма бара ницкъаца‚ цара асар ма дитина лаьттахь‚ бāха ма баьхна цу тIехь уьш баьхначул дукхō‚ цаьрга ма баьхкира шайн элчанаш билгалонашца. Дела вацара царна зулам деш‚ делахь а, уьш шаьш хилира /шайна/ зулам деш

    30:9
  5. ثُمَّ كَانَ عَاقِبَةَ الَّذِينَ أَسَاءُوا السُّوأَىٰ أَنْ كَذَّبُوا بِآيَاتِ اللَّهِ وَكَانُوا بِهَا يَسْتَهْزِئُونَ

    ТIаккха вóн диначеран тIаьхье ирчаниг хилира цара Делан аяташ харцдарна‚ уьш царах ца бēшаш хиларна

    30:10
  6. اللَّهُ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Дала ддоладо кхоллар‚ тIаккха Цо иза карладоккху‚ тIаккха шу Цунна тIе юхадерзор а ду

    30:11
  7. وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يُبْلِسُ الْمُجْرِمُونَ

    Сахьт хIоьттинчу дийнахь совцур бу къиношдинарш догдиллина /шайна къийса хIума доцуш/

    30:12
  8. وَلَمْ يَكُنْ لَهُمْ مِنْ شُرَكَائِهِمْ شُفَعَاءُ وَكَانُوا بِشُرَكَائِهِمْ كَافِرِينَ

    Ца хилира царна шайн накъостех шапаIат деш берш‚ уьш хилира шаьш /Дела а витина лийцина хилла/ накъостий хнца керстабеш

    30:13
  9. وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يَوْمَئِذٍ يَتَفَرَّقُونَ

    Сахьт хIоьттинчу дийнахь оцу дийнахь уьш бекъалур бу

    30:14
  10. فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَهُمْ فِي رَوْضَةٍ يُحْبَرُونَ

    Ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш царна /ялсаманин/ бошмашкахь хазахоьтуьйтур ду (там бийр бу)

    30:15

Гочдар: Магомед Магомедов