Мусхаф., агӏо 406
-
وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَلِقَاءِ الْآخِرَةِ فَأُولَٰئِكَ فِي الْعَذَابِ مُحْضَرُونَ
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ а‚ эхартана дуьхьалкхетар а харцдинарш а уьш Iазапна чохь /гуттар лаьтташ/ хир бу
30:16 -
فَسُبْحَانَ اللَّهِ حِينَ تُمْسُونَ وَحِينَ تُصْبِحُونَ
Тасбахь де Далла (ламаз де Цунна) шу суьйренга девлича а‚ шу Iуьйранга гIевтича а,
30:17 -
وَلَهُ الْحَمْدُ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَعَشِيًّا وَحِينَ تُظْهِرُونَ
Цунна хастам бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ малхбузехь а‚ аш делкъаюкъ хилийтинчу хенахь а /де ламазаш/
30:18 -
يُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَيُخْرِجُ الْمَيِّتَ مِنَ الْحَيِّ وَيُحْيِي الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ وَكَذَٰلِكَ تُخْرَجُونَ
Цо схьавоккху дийнаверг веллачух‚ велларг а схьавоккху дийначух‚ дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Иштта шу а схьадохур ду /кешнашкара къематдийнахь/
30:19 -
وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ خَلَقَكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ إِذَا أَنْتُمْ بَشَرٌ تَنْتَشِرُونَ
Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар поппарах‚ тIаккха шу адамаш хилла даьржаш
30:20 -
وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ خَلَقَ لَكُمْ مِنْ أَنْفُسِكُمْ أَزْوَاجًا لِتَسْكُنُوا إِلَيْهَا وَجَعَلَ بَيْنَكُمْ مَوَدَّةً وَرَحْمَةً ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
Цуьнан делилех ду Цо шуна шух шайх зударий кхоллар шу цаьрца /паргIат/ дāха. Цо хилийтина шуна юккъехь безам а‚ къинхетам а. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх ойлаечу нахана
30:21 -
وَمِنْ آيَاتِهِ خَلْقُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَاخْتِلَافُ أَلْسِنَتِكُمْ وَأَلْوَانِكُمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِلْعَالِمِينَ
Цуьнан делилех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар‚ шун меттанаш а‚ беснаш а хийцадалар. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду Iаламашна
30:22 -
وَمِنْ آيَاتِهِ مَنَامُكُمْ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَابْتِغَاؤُكُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَسْمَعُونَ
Цуьнан делилех ю шун наб буьйсана а‚ дийнахь а‚ Цуьнан къинхетамах аш /бāхам/ лахар а. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ладугIучу нахана
30:23 -
وَمِنْ آيَاتِهِ يُرِيكُمُ الْبَرْقَ خَوْفًا وَطَمَعًا وَيُنَزِّلُ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَيُحْيِي بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
Цуьнан делилех ду Цо шуьга тIкъес гайтар кхерамца а‚ /догIа даре/ догдахарца а. Цо доссадо стиглара хи‚ цуьнца дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду хьекъалечу нахана
30:24
Гочдар: Магомед Магомедов