Мусхаф., агӏо 407

  1. وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ تَقُومَ السَّمَاءُ وَالْأَرْضُ بِأَمْرِهِ ۚ ثُمَّ إِذَا دَعَاكُمْ دَعْوَةً مِنَ الْأَرْضِ إِذَا أَنْتُمْ تَخْرُجُونَ

    Цуьнан делилех ду стигал а‚ латта а Цуьнан омраца хIоьттина Iар. ТIаьхьа Цо шуьга кхийкхича лаьттара схьакхайкхарца, шу /кешний чуьра/ арадовлур ду /къематдийнахь/

    30:25
  2. وَلَهُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ كُلٌّ لَهُ قَانِتُونَ

    Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Массо а Цунна муьтIахь а бу

    30:26
  3. وَهُوَ الَّذِي يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ وَهُوَ أَهْوَنُ عَلَيْهِ ۚ وَلَهُ الْمَثَلُ الْأَعْلَىٰ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Иза ву /хIума/ кхоллар ддолош верг тIаккха Цо иза карладоккху. Иза Цунна аттō ду. Цуьнан вунō лекха масал ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву

    30:27
  4. ضَرَبَ لَكُمْ مَثَلًا مِنْ أَنْفُسِكُمْ ۖ هَلْ لَكُمْ مِنْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ مِنْ شُرَكَاءَ فِي مَا رَزَقْنَاكُمْ فَأَنْتُمْ فِيهِ سَوَاءٌ تَخَافُونَهُمْ كَخِيفَتِكُمْ أَنْفُسَكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ

    Цо шуна масал далийна шух шайх: шуна буй Оха шуна деллачу рицIкъехь шун аьтту куьйгаша доладиначарах накъостий, шу цу чохь цхьанийсса а долуш‚ шу царах кхоьруш (царна вон хIума хиларна), шайна /хиларх/ кхераре терра? Иштта къастадо Оха аяташ хьекъалечу нахана

    30:28
  5. بَلِ اتَّبَعَ الَّذِينَ ظَلَمُوا أَهْوَاءَهُمْ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۖ فَمَنْ يَهْدِي مَنْ أَضَلَّ اللَّهُ ۖ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ

    ХIаъ‚ зулам динарш тIаьхьахIиттира шайн дезаршна цхьа а Iилма доцуш. Хьан нисвийр ву-те Дала тилавала витийнарг? Ма вац царна цхьа а гIоьнчех (гьнча)!

    30:29
  6. فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ حَنِيفًا ۚ فِطْرَتَ اللَّهِ الَّتِي فَطَرَ النَّاسَ عَلَيْهَا ۚ لَا تَبْدِيلَ لِخَلْقِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ الدِّينُ الْقَيِّمُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    Ахь хIоттае хьан юьхь /Делан/ дина тIе, цIена дин дерг а хилий. Делан кхоллар ду иза, Цо Шена тIехь нах а кхоьллина долу. Хийцам бац Делан кхолларан. Иза мехала дин ду‚ делахь а, нахах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    30:30
  7. مُنِيبِينَ إِلَيْهِ وَاتَّقُوهُ وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَلَا تَكُونُوا مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Цунна тIедоьрзуш /хилалаш тōба дарца/‚ Цунах кхералаш‚ ламаз хIоттаделаш‚ шу ма хилалаш мушрикунех

    30:31
  8. مِنَ الَّذِينَ فَرَّقُوا دِينَهُمْ وَكَانُوا شِيَعًا ۖ كُلُّ حِزْبٍ بِمَا لَدَيْهِمْ فَرِحُونَ

    Шайн дин декъна тобанаш хиллачарах а /ма хилалаш шу/. Массо а тоба шегахь долчух яккхийедаш ю

    30:32

Гочдар: Магомед Магомедов