Мусхаф., агӏо 408

  1. وَإِذَا مَسَّ النَّاسَ ضُرٌّ دَعَوْا رَبَّهُمْ مُنِيبِينَ إِلَيْهِ ثُمَّ إِذَا أَذَاقَهُمْ مِنْهُ رَحْمَةً إِذَا فَرِيقٌ مِنْهُمْ بِرَبِّهِمْ يُشْرِكُونَ

    Нах цхьана зено схьалаьцча, цара шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху‚ Цунна тIебуьрзий‚ тIаккха Цо цаьрга Шегара къинхетам Iовшийтича, царах цхьана декъо шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу

    30:33
  2. لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ ۚ فَتَمَتَّعُوا فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ

    Оха шайна делларг керстадархьама. Зовкх хьега! ТIаьхьа хуур ду шуна

    30:34
  3. أَمْ أَنْزَلْنَا عَلَيْهِمْ سُلْطَانًا فَهُوَ يَتَكَلَّمُ بِمَا كَانُوا بِهِ يُشْرِكُونَ

    Оха цаьрга тешалла доссийна‚ цо дуьйцуш цара шех накъост лоцуш хиллачух?

    30:35
  4. وَإِذَا أَذَقْنَا النَّاسَ رَحْمَةً فَرِحُوا بِهَا ۖ وَإِنْ تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ إِذَا هُمْ يَقْنَطُونَ

    Оха нахе къинхетам Iовшитича‚ уьш цунах баккхийбоь. Ткъа царах вониг кхиъча шайн куьйгаша хьалхадаьккхинчуьнца, цара дог дуьллу /Делан къинхетамах/

    30:36
  5. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Царна ца го-те Дала рицкъ даржадо Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш болчу нахана

    30:37
  6. فَآتِ ذَا الْقُرْبَىٰ حَقَّهُ وَالْمِسْكِينَ وَابْنَ السَّبِيلِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌ لِلَّذِينَ يُرِيدُونَ وَجْهَ اللَّهِ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    ДIало гергарчунна шен хьакъ‚ мискачунна а‚ новкъахь волчунна а /шен хьакъ/. Иза дика ду Делан юьхь езачарна. Уьш бу баккхийбийр берш

    30:38
  7. وَمَا آتَيْتُمْ مِنْ رِبًا لِيَرْبُوَ فِي أَمْوَالِ النَّاسِ فَلَا يَرْبُو عِنْدَ اللَّهِ ۖ وَمَا آتَيْتُمْ مِنْ زَكَاةٍ تُرِيدُونَ وَجْهَ اللَّهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُضْعِفُونَ

    Аш делла долу риба нехан бахамехь кхиархьама ца кхиа Далла гергахь. Аш делла долу закат Делан юьхь езаш /алссам кхиа Далла гергахь/ уьш бу алссам ял хилларш

    30:39
  8. اللَّهُ الَّذِي خَلَقَكُمْ ثُمَّ رَزَقَكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ۖ هَلْ مِنْ شُرَكَائِكُمْ مَنْ يَفْعَلُ مِنْ ذَٰلِكُمْ مِنْ شَيْءٍ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Дела ву шу кхоьллинарг‚ тIаккха шуна рицкъ делларг тIаккха шу долуьйтуш верг‚ тIаккха шу дендеш верг. Шун накъостех вуй ша цунах хIума (и саннарг) деш верг? Цнвели Иза /массо а кхачамбацарех/, лакхавели цара накъост лацарх

    30:40
  9. ظَهَرَ الْفَسَادُ فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ بِمَا كَسَبَتْ أَيْدِي النَّاسِ لِيُذِيقَهُمْ بَعْضَ الَّذِي عَمِلُوا لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Боьханиг гучудели аренгахь а‚ хIорда чохь а нехан куьйгаша гулдинчуьнца‚ /Дала/ шаьш динчух цхьадерш Iовшийта мега /цаьрга/. Уьш юхабоьрзур бац-те /вониг дечух Далла тIе/?

    30:41

Гочдар: Магомед Магомедов