Мусхаф., агӏо 409

  1. قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلُ ۚ كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُشْرِكِينَ

    Ахь āла: 'Шу лела лаьттахула‚ хьовсал‚ муха хилла шул хьалха хиллачеран тIаьхье. Царах дукхах- берш /Делаца/ накъост лоцурш ма хилла

    30:42
  2. فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ الْقَيِّمِ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ يَوْمٌ لَا مَرَدَّ لَهُ مِنَ اللَّهِ ۖ يَوْمَئِذٍ يَصَّدَّعُونَ

    Ахь хIоттае хьан юьхь мехалчу дин т шена Делера духатохар доцу /къемат/де дале хьалха. Оцу дийнахь уьш бекъалур бу

    30:43
  3. مَنْ كَفَرَ فَعَلَيْهِ كُفْرُهُ ۖ وَمَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِأَنْفُسِهِمْ يَمْهَدُونَ

    /Делан дин/ керстадинарг цунна шена ду шен керстаналла. Дика Iамал йинарг цара шаьш шайна /ялсаманехь хIусамаш/ кечйо‚

    30:44
  4. لِيَجْزِيَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْكَافِرِينَ

    Ийман диллинчара а‚ дика Iамалш йиначара а Цуьнан къинхетамах ял эцархьама. Баккъалла а, Цунна ца беза /Делах/ цатешарш

    30:45
  5. وَمِنْ آيَاتِهِ أَنْ يُرْسِلَ الرِّيَاحَ مُبَشِّرَاتٍ وَلِيُذِيقَكُمْ مِنْ رَحْمَتِهِ وَلِتَجْرِيَ الْفُلْكُ بِأَمْرِهِ وَلِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    Цуьнан аятех ду Цо мехаш даийтар кхаьънаш хилла шуьга Iовшийтархьама Шен къинхетамах‚ кема лелийтархьама Шен омраца‚ шуьга лахийтархьама Цуьнан комаьршаллах‚ шуьга /Цунна/ баркалла алийта а

    30:46
  6. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ رُسُلًا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ فَجَاءُوهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَانْتَقَمْنَا مِنَ الَّذِينَ أَجْرَمُوا ۖ وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ الْمُؤْمِنِينَ

    Оха бахийтира хьол хьалха а элчанаш шайн къомана тIе‚ уьш беара цаьрга билгалонашца‚ Оха чIир ийцира къинош диначаьргара. Тхуна тIехь хьакъ хилла муъмин нахана гIо дар

    30:47
  7. اللَّهُ الَّذِي يُرْسِلُ الرِّيَاحَ فَتُثِيرُ سَحَابًا فَيَبْسُطُهُ فِي السَّمَاءِ كَيْفَ يَشَاءُ وَيَجْعَلُهُ كِسَفًا فَتَرَى الْوَدْقَ يَخْرُجُ مِنْ خِلَالِهِ ۖ فَإِذَا أَصَابَ بِهِ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ إِذَا هُمْ يَسْتَبْشِرُونَ

    Дела ву Ша мехаш доуьйтург‚ цо хьейо марха‚ Цо иза яржайо стиглахь Шена ма луу‚ Цо цунах кийсакаш хуьлуьйту. Хьуна го догIа схьадолуш цунна юккъехула. Цо иза кхиича Шен лех Шена луучарна царна хазахета /догIа деъча/

    30:48
  8. وَإِنْ كَانُوا مِنْ قَبْلِ أَنْ يُنَزَّلَ عَلَيْهِمْ مِنْ قَبْلِهِ لَمُبْلِسِينَ

    Цул хьалха иза шайна тIе доссале уьш хиллехь а дог диллина

    30:49
  9. فَانْظُرْ إِلَىٰ آثَارِ رَحْمَتِ اللَّهِ كَيْفَ يُحْيِي الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ لَمُحْيِي الْمَوْتَىٰ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Хьажал Делан къинхетаман тIаьхьенашка: муха дендо Цо латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, Иза белларш денбийриг ву. Иза массо а хIумана тIехь ницкъ кхочуш берг ву

    30:50

Гочдар: Магомед Магомедов