Мусхаф., агӏо 410

  1. وَلَئِنْ أَرْسَلْنَا رِيحًا فَرَأَوْهُ مُصْفَرًّا لَظَلُّوا مِنْ بَعْدِهِ يَكْفُرُونَ

    Оха баийтинехьара мох‚ тIаккха царна иза (лаьттахь схьадолуш дерг) мажделла гича‚ цул тIаьхьа а уьш лаьттара ма бара ца тешаш

    30:51
  2. فَإِنَّكَ لَا تُسْمِعُ الْمَوْتَىٰ وَلَا تُسْمِعُ الصُّمَّ الدُّعَاءَ إِذَا وَلَّوْا مُدْبِرِينَ

    Баккъалла а, ахь хозуьйтур дац беллачаьрга‚ ахь хозуьйтур дац къорачаьрга кхайкхар, уьш юхарбевлича

    30:52
  3. وَمَا أَنْتَ بِهَادِ الْعُمْيِ عَنْ ضَلَالَتِهِمْ ۖ إِنْ تُسْمِعُ إِلَّا مَنْ يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا فَهُمْ مُسْلِمُونَ

    Хьо ма вац нисбийр болуш бIаьрсадоцурш шайн тиларах. Ахь хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешачаьрга, шаьш /Далла/ муьтхь а болуш

    30:53
  4. اللَّهُ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ ضَعْفٍ ثُمَّ جَعَلَ مِنْ بَعْدِ ضَعْفٍ قُوَّةً ثُمَّ جَعَلَ مِنْ بَعْدِ قُوَّةٍ ضَعْفًا وَشَيْبَةً ۚ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۖ وَهُوَ الْعَلِيمُ الْقَدِيرُ

    Дела ву шу кхоьллинарг ледараллах (тIадамах)‚ тIаккха Цо хилийтина ледараллал тIаьхьа ницкъ (къоналла)‚ тIаккха хилийтина ницкъал тIаьхьа ледаралла (къаналла)‚ къоьжа чоьш а. Цо кхуллу Шена луург. Иза хууш верг а ву‚ ницкъ кхочург а ву

    30:54
  5. وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يُقْسِمُ الْمُجْرِمُونَ مَا لَبِثُوا غَيْرَ سَاعَةٍ ۚ كَذَٰلِكَ كَانُوا يُؤْفَكُونَ

    Сахьт хIоьттиначу дийнахь дуйнаш буур бу къинош диначара шаьш сахьтехь а ца лаьттина бохуш /дуьненахь къинош деш/. Иштта Iехийна хилла-кх уьш!

    30:55
  6. وَقَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ وَالْإِيمَانَ لَقَدْ لَبِثْتُمْ فِي كِتَابِ اللَّهِ إِلَىٰ يَوْمِ الْبَعْثِ ۖ فَهَٰذَا يَوْمُ الْبَعْثِ وَلَٰكِنَّكُمْ كُنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    Iилма а‚ ийман а шайна деллачара элира: 'Шу лаьттира Делан жайна чохь дендаларан де далц. ХIара ду дендаларан де‚ делахь а, шу ца хууш хили-кх'

    30:56
  7. فَيَوْمَئِذٍ لَا يَنْفَعُ الَّذِينَ ظَلَمُوا مَعْذِرَتُهُمْ وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ

    Оцу дийнахь пайда бийр бац зулам диначарна шайн Iуьзарша‚ бехказадовлар а доьхур дац цаьрга

    30:57
  8. وَلَقَدْ ضَرَبْنَا لِلنَّاسِ فِي هَٰذَا الْقُرْآنِ مِنْ كُلِّ مَثَلٍ ۚ وَلَئِنْ جِئْتَهُمْ بِآيَةٍ لَيَقُولَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا مُبْطِلُونَ

    Оха далийна нахана хIокху Къуръан чохь массо а масал. Хьо цаьрга веъча цхьана аятаца‚ эр ма ду цатешачара: 'Шу ма дац /бакъдерг/ дохийнарш а бен'

    30:58
  9. كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ

    Иштта мухIар туху Дала цахуучеран дегнашка

    30:59
  10. فَاصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ ۖ وَلَا يَسْتَخِفَّنَّكَ الَّذِينَ لَا يُوقِنُونَ

    Ахь собар де! Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю хьуна. Хьо атта ма хетийла цатешначарна /собарах ма валалахь/

    30:60

Гочдар: Магомед Магомедов