Мусхаф., агӏо 411
-
الم
Алиф-лāм-мūм
31:1 -
تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْحَكِيمِ
ХIорш хьукаме долчу жайнан аяташ ду
31:2 -
هُدًى وَرَحْمَةً لِلْمُحْسِنِينَ
Шаьш нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу диканиг дечарна
31:3 -
الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
Уьш бу шаьш ламаз хIоттош‚ закат луш‚ эхартах уьш /шеко йоццуш/ тешаш бу
31:4 -
أُولَٰئِكَ عَلَىٰ هُدًى مِنْ رَبِّهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
Уьш шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийсачу новкъахь бу. Уьш бу баккхийбийраш
31:5 -
وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَشْتَرِي لَهْوَ الْحَدِيثِ لِيُضِلَّ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَيَتَّخِذَهَا هُزُوًا ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مُهِينٌ
Нахах ву шегахь Iилма доцуш даьсса (пайда боцу) хабар оьцуш (дуьйцуш) верг Делан некъах /нах/ тилорхьама‚ сийсазбой схьалоцу цо иза /Делан некъ/. Уьш (и саннарш) царна сийсаза долу Iазап ду
31:6 -
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِ آيَاتُنَا وَلَّىٰ مُسْتَكْبِرًا كَأَنْ لَمْ يَسْمَعْهَا كَأَنَّ فِي أُذُنَيْهِ وَقْرًا ۖ فَبَشِّرْهُ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Шена Тхан аяташ доьшуш, кураваьлла дIавирзи иза‚ шена уьш ца хезча санна‚ шен лергашкахь къоралла ерг санна. Ахь цунна кхаъ баккха лазош долчу Iазапца
31:7 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ جَنَّاتُ النَّعِيمِ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а царна ниатийн /ялсаманин/ бошмаш ю
31:8 -
خَالِدِينَ فِيهَا ۖ وَعْدَ اللَّهِ حَقًّا ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Делан бакъ хилла йолу ваIда ю иза. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса деш/ верг а ву
31:9 -
خَلَقَ السَّمَاوَاتِ بِغَيْرِ عَمَدٍ تَرَوْنَهَا ۖ وَأَلْقَىٰ فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَنْ تَمِيدَ بِكُمْ وَبَثَّ فِيهَا مِنْ كُلِّ دَابَّةٍ ۚ وَأَنْزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَنْبَتْنَا فِيهَا مِنْ كُلِّ زَوْجٍ كَرِيمٍ
Цо кхоьллира стигланаш шуна ша гуш цхьа а бIогIам боцуш. Лаьттахула лаьмнаш кхиссира Цо и шуьца ца лестийтархьама‚ даржийна Цо цигахь массо а дийнат (са долу хIума). Оха доссийра стиглара хи‚ Оха кхиийра цу чохь (лаьттахь) хIор беркате шишша /орамат/
31:10 -
هَٰذَا خَلْقُ اللَّهِ فَأَرُونِي مَاذَا خَلَقَ الَّذِينَ مِنْ دُونِهِ ۚ بَلِ الظَّالِمُونَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Иза Делан кхоллар ду. ХIинца аш Соьга гайтал‚ хIун кхоьллина Иза воцчо. ХIаъ‚ зуламхой билгалчу тилар чохь бу-кх!
31:11
Гочдар: Магомед Магомедов