Мусхаф., агӏо 412

  1. وَلَقَدْ آتَيْنَا لُقْمَانَ الْحِكْمَةَ أَنِ اشْكُرْ لِلَّهِ ۚ وَمَنْ يَشْكُرْ فَإِنَّمَا يَشْكُرُ لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ كَفَرَ فَإِنَّ اللَّهَ غَنِيٌّ حَمِيدٌ

    Оха /хьалха/ деллера Лукъманна хьекъалалла: 'Далла шукур де. Шукур дечо шена шукур деш ду. /Дин/керстадеш верг Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву'

    31:12
  2. وَإِذْ قَالَ لُقْمَانُ لِابْنِهِ وَهُوَ يَعِظُهُ يَا بُنَيَّ لَا تُشْرِكْ بِاللَّهِ ۖ إِنَّ الشِّرْكَ لَظُلْمٌ عَظِيمٌ

    Хьахаде! Лукъмана элира шен кIанте‚ ша цунна хьехар деш: 'ХIай сан кIаьтиг‚ ахь Делаца накъост ма лацалахь. /Делаца/ накъост лацар /инзаре/ доккха зулам ду'

    31:13
  3. وَوَصَّيْنَا الْإِنْسَانَ بِوَالِدَيْهِ حَمَلَتْهُ أُمُّهُ وَهْنًا عَلَىٰ وَهْنٍ وَفِصَالُهُ فِي عَامَيْنِ أَنِ اشْكُرْ لِي وَلِوَالِدَيْكَ إِلَيَّ الْمَصِيرُ

    Оха весет дина адамна шен деца-ненаца /дика хилар/: шен нанас /кийрахь/ лелийна иза гIелъяларна тIе а гIелъяларца‚ цуьнан /ненах дакхорах/ къастар ши шо дуьзча ду. Шукур де Суна а‚ хьан дена-нанна а. Суна т ду /массеран а / дIадерзар

    31:14
  4. وَإِنْ جَاهَدَاكَ عَلَىٰ أَنْ تُشْرِكَ بِي مَا لَيْسَ لَكَ بِهِ عِلْمٌ فَلَا تُطِعْهُمَا ۖ وَصَاحِبْهُمَا فِي الدُّنْيَا مَعْرُوفًا ۖ وَاتَّبِعْ سَبِيلَ مَنْ أَنَابَ إِلَيَّ ۚ ثُمَّ إِلَيَّ مَرْجِعُكُمْ فَأُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Нагахь санна цу шиммо къахьегахь ахь Соьца накъост лацарна тIехь хьуна шеца Iилма доцучуьнца, тIаккха ахь цу шинга ла ма догIалахь. Накъосталла де царна шинна дуьненахь дикчу хIуманна тIехь. Хьо тIаьхьаваза Суна тIевирзиначун новкъа. ТIаккха Суна тIе ду шун ддерзар. Ас дуьйцур ду шуна аш деш хилларг

    31:15
  5. يَا بُنَيَّ إِنَّهَا إِنْ تَكُ مِثْقَالَ حَبَّةٍ مِنْ خَرْدَلٍ فَتَكُنْ فِي صَخْرَةٍ أَوْ فِي السَّمَاوَاتِ أَوْ فِي الْأَرْضِ يَأْتِ بِهَا اللَّهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَطِيفٌ خَبِيرٌ

    'ХIай сан кIаьтиг‚ и (вониг) хилахь а цхьа жимма кIоллан буьртигал я тархахь (чарчохь)‚ я стигланашкахь‚ я лаьттахь а иза а схьадоккху Дала. Баккъалла а, Дела тIех кхетаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву

    31:16
  6. يَا بُنَيَّ أَقِمِ الصَّلَاةَ وَأْمُرْ بِالْمَعْرُوفِ وَانْهَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَاصْبِرْ عَلَىٰ مَا أَصَابَكَ ۖ إِنَّ ذَٰلِكَ مِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ

    ХIай сан кIаьтиг‚ хIоттаде ламаз‚ диканиг /нахана/ омра де‚ вочух /нах/ духатоха‚ собар де хьайх хьакхаделлачунна тIехь. Иза гIуллакхийн чIогIаллах ду

    31:17
  7. وَلَا تُصَعِّرْ خَدَّكَ لِلنَّاسِ وَلَا تَمْشِ فِي الْأَرْضِ مَرَحًا ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ كُلَّ مُخْتَالٍ فَخُورٍ

    /Куралла еш, ца вешаш/ хьан юьхь ма сеттае нахана‚ ма лела лаьттахула кура. Баккъалла а, Далла ца веза массо а кура верг а‚ везаведарг а

    31:18
  8. وَاقْصِدْ فِي مَشْيِكَ وَاغْضُضْ مِنْ صَوْتِكَ ۚ إِنَّ أَنْكَرَ الْأَصْوَاتِ لَصَوْتُ الْحَمِيرِ

    Юкъанаккъара де хьан болар‚ аз а лагIде хьан. Аьзнех уггар ирчаниг виран аз ду'

    31:19

Гочдар: Магомед Магомедов