Мусхаф., агӏо 413

  1. أَلَمْ تَرَوْا أَنَّ اللَّهَ سَخَّرَ لَكُمْ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَأَسْبَغَ عَلَيْكُمْ نِعَمَهُ ظَاهِرَةً وَبَاطِنَةً ۗ وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يُجَادِلُ فِي اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَلَا هُدًى وَلَا كِتَابٍ مُنِيرٍ

    Шуна ца хиъна-те‚ Дала шуна болх бойтуш хилар стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчуьнга‚ Цо шуна шортта делла Шен ниIматаш‚ гуш дерш а‚ хьуламехь дерш а? Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг цхьа а Iилма доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуре жайна доцуш

    31:20
  2. وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اتَّبِعُوا مَا أَنْزَلَ اللَّهُ قَالُوا بَلْ نَتَّبِعُ مَا وَجَدْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا ۚ أَوَلَوْ كَانَ الشَّيْطَانُ يَدْعُوهُمْ إِلَىٰ عَذَابِ السَّعِيرِ

    Шайга аьлча: 'ТIаьхьахIитта Дала доссийначунна'‚ цара эли: 'ХIан-хIа‚ тхо тIаьхьахIуьтту тхуна шена тIехь тхан дай карийначунна'. Я шайтIа хилчи а цаьрга кхойкхуш жоьжахатин Iазапе?

    31:21
  3. وَمَنْ يُسْلِمْ وَجْهَهُ إِلَى اللَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ فَقَدِ اسْتَمْسَكَ بِالْعُرْوَةِ الْوُثْقَىٰ ۗ وَإِلَى اللَّهِ عَاقِبَةُ الْأُمُورِ

    Шен юьхь Далла муьтIахь еш верг, дика а хилла цо схьалецна чIогIа уьйр‚ Деле ю гIуллакхийн чакхе

    31:22
  4. وَمَنْ كَفَرَ فَلَا يَحْزُنْكَ كُفْرُهُ ۚ إِلَيْنَا مَرْجِعُهُمْ فَنُنَبِّئُهُمْ بِمَا عَمِلُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Керстаналла динарг хьо сингаттаме ма войла цуьнан керстаналло. Тхоьга ду церан ддерзар‚ Оха дуьйцур ду цаьрга цара динарг. Баккъалла а, Дела хууш ву дегнашкахь дерг

    31:23
  5. نُمَتِّعُهُمْ قَلِيلًا ثُمَّ نَضْطَرُّهُمْ إِلَىٰ عَذَابٍ غَلِيظٍ

    Оха пайда оьцуьйтур бу цаьрга цхьа кIеззиг, тIаккха Оха дийр ду царна ирча Iазап

    31:24
  6. وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۚ قُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла‚ цара эр ма ду: 'Дала'. Ахь āла: 'Хастам бу Далла'. ХIаъ‚ царах дукхахберш хууш бац

    31:25
  7. لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ إِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ

    Делан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Баккъалла а, Дела Иза ву хьал долуш верг а‚ хастаме верг а

    31:26
  8. وَلَوْ أَنَّمَا فِي الْأَرْضِ مِنْ شَجَرَةٍ أَقْلَامٌ وَالْبَحْرُ يَمُدُّهُ مِنْ بَعْدِهِ سَبْعَةُ أَبْحُرٍ مَا نَفِدَتْ كَلِمَاتُ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Лаьттахь мел долчу диттах къоламаш хилча‚ ткъа хIордана шел тIаьхьа ворхI хIордо гIо а дича /шекъа а хилла/ кхачалур ма дацара Делан дешнаш. Баккъалла а, Дела веза верг а‚ хьукам /нийса деш/ верг а ву

    31:27
  9. مَا خَلْقُكُمْ وَلَا بَعْثُكُمْ إِلَّا كَنَفْسٍ وَاحِدَةٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ

    Шу кхоллар а‚ шу юхадендар а цхьа садаIар санна а бен дац /Далла/. Баккъалла а, Дела хозуш верг а ву‚ гуш верг а ву

    31:28

Гочдар: Магомед Магомедов