Мусхаф., агӏо 414

  1. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ كُلٌّ يَجْرِي إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى وَأَنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    Хьуна ца хаьа‚ Дала буьйса денна чу яло‚ де буьйсанна чу дало‚ болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ массо а дIасалелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц‚ и Дела аш дийриг дика хууш хилар а /ца хаьа шуна/?

    31:29
  2. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ وَأَنَّ مَا يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ الْبَاطِلُ وَأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْعَلِيُّ الْكَبِيرُ

    Иза ду И Дела Ша бакъдерг хилар‚ ткъа цара, Иза а витина, шега кхойкхург харцдерг хилар‚ Дела Иза лекха верг а‚ воккха верг а хилар а /ду иза/

    31:30
  3. أَلَمْ تَرَ أَنَّ الْفُلْكَ تَجْرِي فِي الْبَحْرِ بِنِعْمَتِ اللَّهِ لِيُرِيَكُمْ مِنْ آيَاتِهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ

    Хьуна ца го кема, дIасалелаш хIорда чохь Делан ниIматаца Цо шуьга гайтархьама Шен аятех /аяташ/. Баккъалла а, цу чохь аяташ ду массо а собаре волчунна а‚ шукур деш волчунна а

    31:31
  4. وَإِذَا غَشِيَهُمْ مَوْجٌ كَالظُّلَلِ دَعَوُا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ فَلَمَّا نَجَّاهُمْ إِلَى الْبَرِّ فَمِنْهُمْ مُقْتَصِدٌ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِآيَاتِنَا إِلَّا كُلُّ خَتَّارٍ كَفُورٍ

    Шаьш толгIано хьулбича‚ рагIус санна‚ цара Деле кхойкху, Цунна дин а цIандеш. Цо уьш аренга кIелхьарбаьхча, царах юкъанаккъара верг а ву (керстаналлина а‚ ийманна а юккъехь)‚ /керстаналлина тIехь сеццарг а ву/. Тхан аяташ керстадийр ма дац массо а тешнабехк бечо а‚ /Делан ниIматашна/ инкарло ечо а бен

    31:32
  5. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمْ وَاخْشَوْا يَوْمًا لَا يَجْزِي وَالِدٌ عَنْ وَلَدِهِ وَلَا مَوْلُودٌ هُوَ جَازٍ عَنْ وَالِدِهِ شَيْئًا ۚ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ ۖ فَلَا تَغُرَّنَّكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَلَا يَغُرَّنَّكُمْ بِاللَّهِ الْغَرُورُ

    ХIай нах! Шу кхералаш шайн Делах‚ шу кхералаш дийнах‚ да шен доьзалхочунна пайдане хир воцчу, доьзалхо а шен дена цхьанна хIуманца пайдабийриг хир воцчу. Баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Шу Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу Iеха ма дойла Делаца Iехадаларо

    31:33
  6. إِنَّ اللَّهَ عِنْدَهُ عِلْمُ السَّاعَةِ وَيُنَزِّلُ الْغَيْثَ وَيَعْلَمُ مَا فِي الْأَرْحَامِ ۖ وَمَا تَدْرِي نَفْسٌ مَاذَا تَكْسِبُ غَدًا ۖ وَمَا تَدْرِي نَفْسٌ بِأَيِّ أَرْضٍ تَمُوتُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ خَبِيرٌ

    Баккъалла а, Далла гергахь ду сахьтан Iилма (къематде хттар хаар)‚ Цо доссадо догIа‚ Цунна хаьа беран цIа чохь дерг а. Синна ца хаьа‚ хIун карадийр ду ша кхана‚ синна ца хаьа‚ муьлхачу лаьттахь ша лийр ду. Баккъалла а, Дела хууш верг а ву /къайлаха дерг‚ гучахь дерг санна/, девзаш верг а ву

    31:34

Гочдар: Магомед Магомедов