Мусхаф., агӏо 420

  1. قُلْ لَنْ يَنْفَعَكُمُ الْفِرَارُ إِنْ فَرَرْتُمْ مِنَ الْمَوْتِ أَوِ الْقَتْلِ وَإِذًا لَا تُمَتَّعُونَ إِلَّا قَلِيلًا

    Ахь āла: 'Пайда бийр бац шуна довдаро шу даларх я дайарх девдича, кIеззиг бен бахам хир бац шуна тккха а'

    33:16
  2. قُلْ مَنْ ذَا الَّذِي يَعْصِمُكُمْ مِنَ اللَّهِ إِنْ أَرَادَ بِكُمْ سُوءًا أَوْ أَرَادَ بِكُمْ رَحْمَةً ۚ وَلَا يَجِدُونَ لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا

    Ахь āла: 'Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг, Цунна шуна цхьа зен лиъча‚ я Цунна шуна цхьа къинхетам лиъча? Цара карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а вали а‚ цхьа а гIоьнча а'

    33:17
  3. قَدْ يَعْلَمُ اللَّهُ الْمُعَوِّقِينَ مِنْكُمْ وَالْقَائِلِينَ لِإِخْوَانِهِمْ هَلُمَّ إِلَيْنَا ۖ وَلَا يَأْتُونَ الْبَأْسَ إِلَّا قَلِيلًا

    Бевза Далла шух новкъарло еш берш /нах гIазоте ца бохуьйтуш/‚ шайн вежаршка олуш берш: 'Схьадуьйла тхо долчу /ма гIо гIазоте/!' Цхьа кIеззиг бен ца бира цара (мунепакъаша шуьца цхьана) тIом (гIазот),

    33:18
  4. أَشِحَّةً عَلَيْكُمْ ۖ فَإِذَا جَاءَ الْخَوْفُ رَأَيْتَهُمْ يَنْظُرُونَ إِلَيْكَ تَدُورُ أَعْيُنُهُمْ كَالَّذِي يُغْشَىٰ عَلَيْهِ مِنَ الْمَوْتِ ۖ فَإِذَا ذَهَبَ الْخَوْفُ سَلَقُوكُمْ بِأَلْسِنَةٍ حِدَادٍ أَشِحَّةً عَلَى الْخَيْرِ ۚ أُولَٰئِكَ لَمْ يُؤْمِنُوا فَأَحْبَطَ اللَّهُ أَعْمَالَهُمْ ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا

    /Иза а/ шуна /безамций, доглазарций/ бIаьрмециг хуьлуш а бен. Кхерам беъча, хьуна гира уьш хьоьга хьоьжуш шайн бIаьргаш хьийзаш, валан хорша еанарг санна. Кхерам дIабаьлча, шух чекхдохур ду цара чIиран меттанаш дикачунна бIаьрмециг хилла. Уьш ийман диллина бац хьуна‚ Дала дяйа хьуна церан Iамалаш. Иза хилира Далла атта

    33:19
  5. يَحْسَبُونَ الْأَحْزَابَ لَمْ يَذْهَبُوا ۖ وَإِنْ يَأْتِ الْأَحْزَابُ يَوَدُّوا لَوْ أَنَّهُمْ بَادُونَ فِي الْأَعْرَابِ يَسْأَلُونَ عَنْ أَنْبَائِكُمْ ۖ وَلَوْ كَانُوا فِيكُمْ مَا قَاتَلُوا إِلَّا قَلِيلًا

    Царна моьтту и тобанаш дIа ца яхна. И тобанаш еъча, царна лаьа кхелхаш лелачу Iаьрбийн юккъехь дIасалеларш хила‚ шун хабарш хоьттуш. Шун юккъехь хилча а, кIеззиг бен тIом бира бацара цара

    33:20
  6. لَقَدْ كَانَ لَكُمْ فِي رَسُولِ اللَّهِ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌ لِمَنْ كَانَ يَرْجُو اللَّهَ وَالْيَوْمَ الْآخِرَ وَذَكَرَ اللَّهَ كَثِيرًا

    Баккъалла а, шуна хилира Делан элчанехь хаза масал - /шух/ Деле а‚ тIаьхьарчу дийне а дог дохуш волчунна а‚ дуккха а Дела хьехош волчунна а

    33:21
  7. وَلَمَّا رَأَى الْمُؤْمِنُونَ الْأَحْزَابَ قَالُوا هَٰذَا مَا وَعَدَنَا اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَصَدَقَ اللَّهُ وَرَسُولُهُ ۚ وَمَا زَادَهُمْ إِلَّا إِيمَانًا وَتَسْلِيمًا

    Муъмин наха, шайна и /тм бан йог керстанийн/ тобанаш гича‚ элира: 'ХIара ю Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда‚ бакълина Дела а‚ Цуьнан элча а'. /Цу гIуллакхо/ уьш алсам ца боху ийманца а‚ муьтIахь хиларца а бен

    33:22

Гочдар: Магомед Магомедов