Мусхаф., агӏо 421
-
مِنَ الْمُؤْمِنِينَ رِجَالٌ صَدَقُوا مَا عَاهَدُوا اللَّهَ عَلَيْهِ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ قَضَىٰ نَحْبَهُ وَمِنْهُمْ مَنْ يَنْتَظِرُ ۖ وَمَا بَدَّلُوا تَبْدِيلًا
Муъмин нахах цхьа божарий бу шаьш бакъйина шайн Делаца хилла йолу ваIда‚ царах шен Iожалла ткхаьчнарг (велларг) а ву‚ царах /гзотехь вала/ хьоьжуш верг а ву‚ цхьа а хийцам ца бина цара /шайн Делаца хилла ваIдин/
33:23 -
لِيَجْزِيَ اللَّهُ الصَّادِقِينَ بِصِدْقِهِمْ وَيُعَذِّبَ الْمُنَافِقِينَ إِنْ شَاءَ أَوْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا
Дала ял ялархьама бакълийначарна шайн бакълерца‚ Iазап дархьама мунепакъашна, Шен лаахь‚ я гечдархьама царна. Баккъалла а, Дела хили гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
33:24 -
وَرَدَّ اللَّهُ الَّذِينَ كَفَرُوا بِغَيْظِهِمْ لَمْ يَنَالُوا خَيْرًا ۚ وَكَفَى اللَّهُ الْمُؤْمِنِينَ الْقِتَالَ ۚ وَكَانَ اللَّهُ قَوِيًّا عَزِيزًا
Дала юхаберзира цатешнарш шайн оьгIазаллица‚ ца кхиира уьш дикчух. Кхачо хилийтира Дала муъмин нахана тIамах. Хили Дела нуьцкъала верг а‚ веза верг а
33:25 -
وَأَنْزَلَ الَّذِينَ ظَاهَرُوهُمْ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ مِنْ صَيَاصِيهِمْ وَقَذَفَ فِي قُلُوبِهِمُ الرُّعْبَ فَرِيقًا تَقْتُلُونَ وَتَأْسِرُونَ فَرِيقًا
/Дала/ охьабоссийра жайнан охах царна гIо дина хилларш шайн чIагIонашкара‚ Цо кхоьссира церан дегнашка кхерам‚ цхьаберш аш бойу‚ цхьаберш аш йийсаре луьйцу
33:26 -
وَأَوْرَثَكُمْ أَرْضَهُمْ وَدِيَارَهُمْ وَأَمْوَالَهُمْ وَأَرْضًا لَمْ تَطَئُوهَا ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرًا
Цо ирсана шуна делира церан латта а‚ церан цIенош а‚ церан бахам а‚ /кхин/ аш хьешна доцу лаьтта а. Хили Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш
33:27 -
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ قُلْ لِأَزْوَاجِكَ إِنْ كُنْتُنَّ تُرِدْنَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا وَزِينَتَهَا فَتَعَالَيْنَ أُمَتِّعْكُنَّ وَأُسَرِّحْكُنَّ سَرَاحًا جَمِيلًا
ХIай пайхамар! Ахь āла хьан зударшка: 'Шу делахь дуьненан дахар дезаш‚ цуьнан хазалла а /езаш/‚ схьадуьйла ас йитинчу зудчунна догрг лур ду шуна‚ хазачу кепара паргIатдохур ду шу
33:28 -
وَإِنْ كُنْتُنَّ تُرِدْنَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَالدَّارَ الْآخِرَةَ فَإِنَّ اللَّهَ أَعَدَّ لِلْمُحْسِنَاتِ مِنْكُنَّ أَجْرًا عَظِيمًا
Шу делахь везаш Дела а‚ Цуьнан элча а‚ тIаьхьа хир йолу хIусам а (ялсамане), Дала кечйина шух диканиг дечарна сийлахь- йоккха ял
33:29 -
يَا نِسَاءَ النَّبِيِّ مَنْ يَأْتِ مِنْكُنَّ بِفَاحِشَةٍ مُبَيِّنَةٍ يُضَاعَفْ لَهَا الْعَذَابُ ضِعْفَيْنِ ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا
ХIай пайхамаран зударий! Шух билгала ирчаниг деанчунна шозза алсам хир ду цунна Iазап. Хили иза Далла атта
33:30
Гочдар: Магомед Магомедов