Мусхаф., агӏо 422

  1. وَمَنْ يَقْنُتْ مِنْكُنَّ لِلَّهِ وَرَسُولِهِ وَتَعْمَلْ صَالِحًا نُؤْتِهَا أَجْرَهَا مَرَّتَيْنِ وَأَعْتَدْنَا لَهَا رِزْقًا كَرِيمًا

    Шух Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хилларг а‚ дика Iамал а йинарг цунна ял лур ю Оха шозза. Оха цунна кечдина сийлахь рицкъ

    33:31
  2. يَا نِسَاءَ النَّبِيِّ لَسْتُنَّ كَأَحَدٍ مِنَ النِّسَاءِ ۚ إِنِ اتَّقَيْتُنَّ فَلَا تَخْضَعْنَ بِالْقَوْلِ فَيَطْمَعَ الَّذِي فِي قَلْبِهِ مَرَضٌ وَقُلْنَ قَوْلًا مَعْرُوفًا

    ХIай пайхамаран зударий! Шу дац зударех цхьанга а тера. Шу /Делах/ кхоьруш делахь, ма хила дашца кIеда /хийрачу божаршна/ тIаккха шен дагчохь цамгар ерг тIехьийзар ву‚ аш āла дика дош

    33:32
  3. وَقَرْنَ فِي بُيُوتِكُنَّ وَلَا تَبَرَّجْنَ تَبَرُّجَ الْجَاهِلِيَّةِ الْأُولَىٰ ۖ وَأَقِمْنَ الصَّلَاةَ وَآتِينَ الزَّكَاةَ وَأَطِعْنَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ إِنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ لِيُذْهِبَ عَنْكُمُ الرِّجْسَ أَهْلَ الْبَيْتِ وَيُطَهِّرَكُمْ تَطْهِيرًا

    Шайн цIеношкахь совца‚ кеч ма ло хьалхалера жехIаллин кечдаларца. Ламаз а хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хила. Баккъалла а, Далла лаьа, /хIай пайхамаран/ цIийнан охIла, шух боьху хIума дIадаккха а, шу цIандан а цIандарца

    33:33
  4. وَاذْكُرْنَ مَا يُتْلَىٰ فِي بُيُوتِكُنَّ مِنْ آيَاتِ اللَّهِ وَالْحِكْمَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ لَطِيفًا خَبِيرًا

    Дагадайта шайн цIеношкахь доьшуш долу Делан аяташ а‚ хьикмат а. Баккъалла а, Дела хили дика кхеташ верг а‚ сов дика хууш верг а

    33:34
  5. إِنَّ الْمُسْلِمِينَ وَالْمُسْلِمَاتِ وَالْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ وَالْقَانِتِينَ وَالْقَانِتَاتِ وَالصَّادِقِينَ وَالصَّادِقَاتِ وَالصَّابِرِينَ وَالصَّابِرَاتِ وَالْخَاشِعِينَ وَالْخَاشِعَاتِ وَالْمُتَصَدِّقِينَ وَالْمُتَصَدِّقَاتِ وَالصَّائِمِينَ وَالصَّائِمَاتِ وَالْحَافِظِينَ فُرُوجَهُمْ وَالْحَافِظَاتِ وَالذَّاكِرِينَ اللَّهَ كَثِيرًا وَالذَّاكِرَاتِ أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ مَغْفِرَةً وَأَجْرًا عَظِيمًا

    Баккъалла а, бусалба божарий а‚ бусалба зударий а‚ муъмин божарий а‚ муъмин зударий а‚ /Делах/ кхоьруш болу божарий а‚ /Делах/ кхоьруш болу зударий а‚ бакълуьйш болу божарий а‚ бакълуьйш болу зударий а‚ собаре болу божарий а‚ собаре болу зударий а‚ /Далла/ муьтIахь болу божарий а‚ /Далла/ муьтIахь болу зударий а‚ сагIа луш болу божарий а‚ сагIа луш болу зударий а‚ марха кхобу божарий а‚ марха кхобу зударий а‚ шайн эвхье йолу меттигаш ларош болу божарий а‚ зударий а‚ дуккха Дела хьехош волу божарий а‚ зударий а кечдина Дала царна гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а

    33:35

Гочдар: Магомед Магомедов