Мусхаф., агӏо 423
-
وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍ وَلَا مُؤْمِنَةٍ إِذَا قَضَى اللَّهُ وَرَسُولُهُ أَمْرًا أَنْ يَكُونَ لَهُمُ الْخِيَرَةُ مِنْ أَمْرِهِمْ ۗ وَمَنْ يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَالًا مُبِينًا
Ца хилла муъмин стагана‚ я муъмин зудчунна, Дала а‚ Цуьнан элчано а цхьа гIуллакх кхочушдича, шайн гIуллакхах /шайн дезарг/ харжан бакъо. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iеса верг тилавелла билгалчу тиларца
33:36 -
وَإِذْ تَقُولُ لِلَّذِي أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِ وَأَنْعَمْتَ عَلَيْهِ أَمْسِكْ عَلَيْكَ زَوْجَكَ وَاتَّقِ اللَّهَ وَتُخْفِي فِي نَفْسِكَ مَا اللَّهُ مُبْدِيهِ وَتَخْشَى النَّاسَ وَاللَّهُ أَحَقُّ أَنْ تَخْشَاهُ ۖ فَلَمَّا قَضَىٰ زَيْدٌ مِنْهَا وَطَرًا زَوَّجْنَاكَهَا لِكَيْ لَا يَكُونَ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ حَرَجٌ فِي أَزْوَاجِ أَدْعِيَائِهِمْ إِذَا قَضَوْا مِنْهُنَّ وَطَرًا ۚ وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ مَفْعُولًا
/Хьажал/ ахь ма элира Дала а‚ ахьа а шен ниIмат деллачуьнга: 'Хьайгахь кхаба хьан зуда‚ Делах кхера!' Ахь хьулдийра хьайгахь Дала гучудоккхург. Хьо кхоьрура нахах‚ ткъа Дела мелхо а там болуш вара хьо Шех кхера. Зайда цуьнца шен лаам кхочушбича (цо иза йитича, Iиддат чекхдаьлча)‚ Оха иза хьуна ялийра муъмин нахана хало ца хилийтархьама шаьш дай хIоьттинчу кIентийн зударий бало цара шайн царца долу гIуллакх чекхдаькхича (шарIехь уьш битича). Хили Делан гIуллакх дина даьлла
33:37 -
مَا كَانَ عَلَى النَّبِيِّ مِنْ حَرَجٍ فِيمَا فَرَضَ اللَّهُ لَهُ ۖ سُنَّةَ اللَّهِ فِي الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلُ ۚ وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ قَدَرًا مَقْدُورًا
Пайхамарна хало хила мегар дац Дала Шена тIе диллинчуьнгахь Делан Iадат /ду иза/ хьалха баханчаьргахь а хилла. Хили Делан гIуллакх азаллехь кхочушхилла
33:38 -
الَّذِينَ يُبَلِّغُونَ رِسَالَاتِ اللَّهِ وَيَخْشَوْنَهُ وَلَا يَخْشَوْنَ أَحَدًا إِلَّا اللَّهَ ۗ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ حَسِيبًا
Ишттанаш бу уьш (хьалхабаханарш) шаьш Делан элчаналла кхочушдина‚ Цунах кхоьруш болуш‚ Дела воцучех цхьаннах ца кхоьруш. Делаца кхачо хилла хьесапдийриг
33:39 -
مَا كَانَ مُحَمَّدٌ أَبَا أَحَدٍ مِنْ رِجَالِكُمْ وَلَٰكِنْ رَسُولَ اللَّهِ وَخَاتَمَ النَّبِيِّينَ ۗ وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا
Ца хилла Мухьаммад шун божарех цхьаннан а да‚ делахь а, Делан элча а‚ пайхамарийн мухIар а ду иза. Хили Дела массо а хIума хууш верг
33:40 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اذْكُرُوا اللَّهَ ذِكْرًا كَثِيرًا
ХIай ийман диллинарш! Хьехаве Дела дукха хьехаварца
33:41 -
وَسَبِّحُوهُ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
Тасбахь де Цунна Iуьйранна а‚ суьйранна а
33:42 -
هُوَ الَّذِي يُصَلِّي عَلَيْكُمْ وَمَلَائِكَتُهُ لِيُخْرِجَكُمْ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۚ وَكَانَ بِالْمُؤْمِنِينَ رَحِيمًا
Иза ву шух къинхетам беш верг‚ Цуьнан маликаш а /ду шуна гечдар доьхуш/‚ шу боданера серлонга дахархьама. Иза хили муъмин нахах къинхетам беш верг
33:43
Гочдар: Магомед Магомедов