Мусхаф., агӏо 424

  1. تَحِيَّتُهُمْ يَوْمَ يَلْقَوْنَهُ سَلَامٌ ۚ وَأَعَدَّ لَهُمْ أَجْرًا كَرِيمًا

    Церан маршалла Цунна дуьхьалкхийтинчу дийнахь салам ду. Цо кечйина царна сийлахь ял

    33:44
  2. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ شَاهِدًا وَمُبَشِّرًا وَنَذِيرًا

    ХIай пайхамар! Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ кхаъанча хилла‚ кхерамча хилла

    33:45
  3. وَدَاعِيًا إِلَى اللَّهِ بِإِذْنِهِ وَسِرَاجًا مُنِيرًا

    Деле кхойкхуш верг а хилла Цуьнан пурбанца‚ нуре чиркх а хилла /вахийтина хьо/

    33:46
  4. وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ بِأَنَّ لَهُمْ مِنَ اللَّهِ فَضْلًا كَبِيرًا

    Ахь кхаъ баккха муъмин нахана царна Делера йоккха комаьршалла ю‚ аьлла

    33:47
  5. وَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَالْمُنَافِقِينَ وَدَعْ أَذَاهُمْ وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا

    МуьтIахь ма хилалахь /Делах/ цатешачарна а‚ мунепакъашна а‚ дита церан /хьуна деш долу/ халахетарш. Далла тIе товжа. Кхачо хили Делаца векал

    33:48
  6. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا نَكَحْتُمُ الْمُؤْمِنَاتِ ثُمَّ طَلَّقْتُمُوهُنَّ مِنْ قَبْلِ أَنْ تَمَسُّوهُنَّ فَمَا لَكُمْ عَلَيْهِنَّ مِنْ عِدَّةٍ تَعْتَدُّونَهَا ۖ فَمَتِّعُوهُنَّ وَسَرِّحُوهُنَّ سَرَاحًا جَمِيلًا

    ХIай ийман диллинарш! Аш муъмин зударий балийча‚ тIаккха уьш битича шу царах хьакхадалале, шуна царна тIехь цхьа Iиддат дац аш терго ян дезаш. Ло царна шайн пайда эццал хIума‚ хазчу кепара бита уьш

    33:49
  7. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِنَّا أَحْلَلْنَا لَكَ أَزْوَاجَكَ اللَّاتِي آتَيْتَ أُجُورَهُنَّ وَمَا مَلَكَتْ يَمِينُكَ مِمَّا أَفَاءَ اللَّهُ عَلَيْكَ وَبَنَاتِ عَمِّكَ وَبَنَاتِ عَمَّاتِكَ وَبَنَاتِ خَالِكَ وَبَنَاتِ خَالَاتِكَ اللَّاتِي هَاجَرْنَ مَعَكَ وَامْرَأَةً مُؤْمِنَةً إِنْ وَهَبَتْ نَفْسَهَا لِلنَّبِيِّ إِنْ أَرَادَ النَّبِيُّ أَنْ يَسْتَنْكِحَهَا خَالِصَةً لَكَ مِنْ دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۗ قَدْ عَلِمْنَا مَا فَرَضْنَا عَلَيْهِمْ فِي أَزْوَاجِهِمْ وَمَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ لِكَيْلَا يَكُونَ عَلَيْكَ حَرَجٌ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    ХIай пайхамар! Оха хьанал бина хьуна хьан зударий‚ ахь шайна мах белла болу‚ хьан аьтту куьйга доладинарш хьуна Дала хIонсана беллачарах‚ хьан ден вешин мехкарий а‚ хьан ден йишин мехкарий а‚ хьан ненан вешин мехкарий а‚ хьан ненан йишин мехкарий а‚ шаьш хьоьца хIижар дина болу; /кхин муьлхха/ муъмин зуда а‚ цо ша пайхамарна дIалахь‚ пайхамарна иза ялон а лаахь‚ еккъа хьуна а /хIай пайхамар/ хуьлуш кхин муъмин нахана йоцуш. Тхуна хии‚ хIун тIе диллина Оха царна шайн зударшкахь‚ аьтту куьйгаша дола- диначаьргахь а‚ хьуна хало ца хилийтархьама. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    33:50

Гочдар: Магомед Магомедов