Мусхаф., агӏо 430

  1. لَقَدْ كَانَ لِسَبَإٍ فِي مَسْكَنِهِمْ آيَةٌ ۖ جَنَّتَانِ عَنْ يَمِينٍ وَشِمَالٍ ۖ كُلُوا مِنْ رِزْقِ رَبِّكُمْ وَاشْكُرُوا لَهُ ۚ بَلْدَةٌ طَيِّبَةٌ وَرَبٌّ غَفُورٌ

    Хилира сабаашна шайн гIишлошкахь делил: ши беш: аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а. Даа шайн Кхиош-кхобучун рицкъех‚ баркалла āла Цунна (шукур де Дала)! Токхе мохк а‚ гечдеш волу Кхиош-кхобург /хилира царна/

    34:15
  2. فَأَعْرَضُوا فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ سَيْلَ الْعَرِمِ وَبَدَّلْنَاهُمْ بِجَنَّتَيْهِمْ جَنَّتَيْنِ ذَوَاتَيْ أُكُلٍ خَمْطٍ وَأَثْلٍ وَشَيْءٍ مِنْ سِدْرٍ قَلِيلٍ

    Дбевлира уьш /Далла баркалла аларх/‚ Оха доссийра царна тIе дуккха Iовраш‚ церан шинна бешан метта хилийтира ши беш, къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслих а‚ /цхьацца/ хIума кIеззиг сидрех а йолуш

    34:16
  3. ذَٰلِكَ جَزَيْنَاهُمْ بِمَا كَفَرُوا ۖ وَهَلْ نُجَازِي إِلَّا الْكَفُورَ

    Иза бекхам бира Оха царна уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой цатешачарна а бен?

    34:17
  4. وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمْ وَبَيْنَ الْقُرَى الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا قُرًى ظَاهِرَةً وَقَدَّرْنَا فِيهَا السَّيْرَ ۖ سِيرُوا فِيهَا لَيَالِيَ وَأَيَّامًا آمِنِينَ

    Царна (Сабаан) юккъехь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу (Шаман) яртийн юккъехь а Оха йира гуш йолу ярташ‚ царна чохь къастийра некъ: 'Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚ деношкахь а, кхерам боцуш!'

    34:18
  5. فَقَالُوا رَبَّنَا بَاعِدْ بَيْنَ أَسْفَارِنَا وَظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ فَجَعَلْنَاهُمْ أَحَادِيثَ وَمَزَّقْنَاهُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ

    Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ гена хилийталахь тхан кхерсташ лелар'. Цара зулам дира шайна‚ Оха хилийтира царах /нахана/ дийцарш‚ массанхьа а дIасабаржира уьш. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо а собаре волчунна а‚ хам бечунна а

    34:19
  6. وَلَقَدْ صَدَّقَ عَلَيْهِمْ إِبْلِيسُ ظَنَّهُ فَاتَّبَعُوهُ إِلَّا فَرِيقًا مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    Иблисо бакъдайтира цаьрга шен моттар‚ уьш цунна тIаьхьахIоьттира муъмин нахах цхьа тоба йоцург

    34:20
  7. وَمَا كَانَ لَهُ عَلَيْهِمْ مِنْ سُلْطَانٍ إِلَّا لِنَعْلَمَ مَنْ يُؤْمِنُ بِالْآخِرَةِ مِمَّنْ هُوَ مِنْهَا فِي شَكٍّ ۗ وَرَبُّكَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ حَفِيظٌ

    Ма яцара цунна царна тIехь цхьа а бакъо‚ деккъа Тхуна хаархьама‚ мила ву эхартах тешаш цунах шеконехь хиллачех. Хьан Кхиош-кхобург массо а хIуманна лардархо ву

    34:21
  8. قُلِ ادْعُوا الَّذِينَ زَعَمْتُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ لَا يَمْلِكُونَ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ وَمَا لَهُمْ فِيهِمَا مِنْ شِرْكٍ وَمَا لَهُ مِنْهُمْ مِنْ ظَهِيرٍ

    Ахь āла: 'Кхайкха шаьш, АллахI витина, /делий бу/ моьттуш хиллачаьрга'. Цара дола ма ца до мискъала заррат /хIуманна/ стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Ма дац царна (цара шайн делий бу бохучарна) цу шинна чохь цхьа а /АллахIаца/ накъосталла‚ ма вац Цунна царах цхьа а гIоьнча /оьшуш/

    34:22

Гочдар: Магомед Магомедов