Мусхаф., агӏо 431

  1. وَلَا تَنْفَعُ الشَّفَاعَةُ عِنْدَهُ إِلَّا لِمَنْ أَذِنَ لَهُ ۚ حَتَّىٰ إِذَا فُزِّعَ عَنْ قُلُوبِهِمْ قَالُوا مَاذَا قَالَ رَبُّكُمْ ۖ قَالُوا الْحَقَّ ۖ وَهُوَ الْعَلِيُّ الْكَبِيرُ

    Пайда бийр бац гIодаккхаро Цунна гергахь Цо шена пурба деллачунна бен. Шайн дегнашкара кхерам дIабаьккхича‚ цара (шайна шапаIат дан бакъо елла хилла долчу маликаша а, пайхамараша а) элира /вовшашка/: 'ХIун элира шун Кхиош-кхобучо /шапат даран хьокъехь/?' Цара элира: 'Бакъдерг. Иза лекха а‚ воккха а верг ву'

    34:23
  2. قُلْ مَنْ يَرْزُقُكُمْ مِنَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ قُلِ اللَّهُ ۖ وَإِنَّا أَوْ إِيَّاكُمْ لَعَلَىٰ هُدًى أَوْ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Ахь āла: 'Мила ву шуна рицкъ луш верг стигланашкара а‚ латтара а?' Ахь āла: ' АллахДела ву'. Баккъалла а, Тхо я шу нийсачу новкъахь ду я билгалчу тилар чохь ду!'

    34:24
  3. قُلْ لَا تُسْأَلُونَ عَمَّا أَجْرَمْنَا وَلَا نُسْأَلُ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Ахь āла: 'Шуьга хоттур дац оха къа дарна‚ тхоьга хоттур дац аш деш долчух'

    34:25
  4. قُلْ يَجْمَعُ بَيْنَنَا رَبُّنَا ثُمَّ يَفْتَحُ بَيْنَنَا بِالْحَقِّ وَهُوَ الْفَتَّاحُ الْعَلِيمُ

    Ахь āла: 'Цхьаьнатухур ду вай вайн Кхиош-кхобучо /къематдийнахь/ тIаккха къастор ду Цо вайна юккъехь бакъдолчуьнца‚ Иза хууш волу къастош верг ву'

    34:26
  5. قُلْ أَرُونِيَ الَّذِينَ أَلْحَقْتُمْ بِهِ شُرَكَاءَ ۖ كَلَّا ۚ بَلْ هُوَ اللَّهُ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Ахь āла: 'Аш гайта суна шаьш Цунах кхиина накъостий'. ХIан-хIа! Иза Дела ву‚ Ша веза волу‚ Ша хьукам /нийса/ деш волу

    34:27
  6. وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا كَافَّةً لِلنَّاسِ بَشِيرًا وَنَذِيرًا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    Оха вахийтина ма вац хьо массо а нахе кхаъ бахьаш верг а‚ кхерамча а хилла бен‚ делахь а, нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх

    34:28
  7. وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Цара олу: 'Маца /кхочуш/ хир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?'

    34:29
  8. قُلْ لَكُمْ مِيعَادُ يَوْمٍ لَا تَسْتَأْخِرُونَ عَنْهُ سَاعَةً وَلَا تَسْتَقْدِمُونَ

    Ахь āла: 'Шуна хан тоьхна де ду‚ цунах цхьа сахът тIаьхьадуьсур а дац шу‚ хьалхадовлур а дац'

    34:30
  9. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَنْ نُؤْمِنَ بِهَٰذَا الْقُرْآنِ وَلَا بِالَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ ۗ وَلَوْ تَرَىٰ إِذِ الظَّالِمُونَ مَوْقُوفُونَ عِنْدَ رَبِّهِمْ يَرْجِعُ بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ الْقَوْلَ يَقُولُ الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا لَوْلَا أَنْتُمْ لَكُنَّا مُؤْمِنِينَ

    Цатешначара элира: 'Тешанне а тешар ма дац тхо хIоккху Къуръанах а‚ цул хьалха хиллачух а'. Хьуна гуш балхьара и зуламхой шайн Кхиош-кхобучунна хьалха хIоттийна‚ царах цхьаберш вукхаьрга дош юхадерзадеш‚ шаьш заьIип хиллачара куралла еш хиллачаьрга олуш: 'Шу ца хиллехьара, тхох муъмин нах хилла хир ма бара'

    34:31

Гочдар: Магомед Магомедов