Мусхаф., агӏо 437

  1. وَمَا يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ

    Цхьанийсса вац бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а‚

    35:19
  2. وَلَا الظُّلُمَاتُ وَلَا النُّورُ

    Боданаш а‚ нур а‚

    35:20
  3. وَلَا الظِّلُّ وَلَا الْحَرُورُ

    IиндагIа а‚ йовхо а

    35:21
  4. وَمَا يَسْتَوِي الْأَحْيَاءُ وَلَا الْأَمْوَاتُ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُسْمِعُ مَنْ يَشَاءُ ۖ وَمَا أَنْتَ بِمُسْمِعٍ مَنْ فِي الْقُبُورِ

    Цхьанийсса бац дийнаберш а‚ белларш а. Баккъалла а, Дала хозуьйту Шена луучуьнга. Хьо ма вац хозуьйтур долуш кешний чохь волчуьнга

    35:22
  5. إِنْ أَنْتَ إِلَّا نَذِيرٌ

    Хьо веккъа кхерамча ву

    35:23
  6. إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ بِالْحَقِّ بَشِيرًا وَنَذِيرًا ۚ وَإِنْ مِنْ أُمَّةٍ إِلَّا خَلَا فِيهَا نَذِيرٌ

    Баккъалла а, Оха вахийтина хьо бакъдолчуьнца кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла. Цхьа а уммат ца хилла шена юккъехь кхерамча ваьхна бен

    35:24
  7. وَإِنْ يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ وَبِالزُّبُرِ وَبِالْكِتَابِ الْمُنِيرِ

    Цара хьо харцвахь‚ царал хьалха хиллачара а харцбина /элчанаш/. Цаьрга баьхкира церан элчанаш билгалонашца а‚ язонашца а‚ нуре долчу жайнаца а

    35:25
  8. ثُمَّ أَخَذْتُ الَّذِينَ كَفَرُوا ۖ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ

    ТIаккха Ас схьалецира цатешнарш. Муха хилира Ас цаларар /церан мал, Сан оьгзло царна/?

    35:26
  9. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجْنَا بِهِ ثَمَرَاتٍ مُخْتَلِفًا أَلْوَانُهَا ۚ وَمِنَ الْجِبَالِ جُدَدٌ بِيضٌ وَحُمْرٌ مُخْتَلِفٌ أَلْوَانُهَا وَغَرَابِيبُ سُودٌ

    Хьуна хаьий Дала доссина хилар стиглара хи‚ Оха схьабехира цуьнца стоьмаш‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ лаьмнех а /дихкира/ некъаш: кIайн а‚ цIен а‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ чIогIа Iаьржадерш а

    35:27
  10. وَمِنَ النَّاسِ وَالدَّوَابِّ وَالْأَنْعَامِ مُخْتَلِفٌ أَلْوَانُهُ كَذَٰلِكَ ۗ إِنَّمَا يَخْشَى اللَّهَ مِنْ عِبَادِهِ الْعُلَمَاءُ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ غَفُورٌ

    Иштта нахах а‚ дийнатех а‚ бежнех а /хилийтира Оха/ шайн беснаш тайп-тайпана долуш. Баккъалла а, Делах кхоьру Цуьнан лешех Iеламнах. Баккъалла а, Дела ву веза верг а‚ гечдеш верг а

    35:28
  11. إِنَّ الَّذِينَ يَتْلُونَ كِتَابَ اللَّهِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَأَنْفَقُوا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلَانِيَةً يَرْجُونَ تِجَارَةً لَنْ تَبُورَ

    Баккъалла а, Делан жайна доьшуш берш‚ ламаз хIоттинарш‚ Оха шайна деллачу рицкъех къайлаха а‚ гучахь а /Делан новкъахь/ харжаш еш берш уьш дог дохуш бу цкъа а са йоцуш юьсур йоцчу йохк-эцаре (ялсамане)‚

    35:29
  12. لِيُوَفِّيَهُمْ أُجُورَهُمْ وَيَزِيدَهُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّهُ غَفُورٌ شَكُورٌ

    /Уьш догдохуш бу/ Цо дIаяларе шайн ял‚ шаьш совбахаре Шен ниIматах. Баккъалла а, Иза ву гечдеш верг а‚ баркалле верг а /Шена бадат диначарна/

    35:30

Гочдар: Магомед Магомедов