Мусхаф., агӏо 438
-
وَالَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ مِنَ الْكِتَابِ هُوَ الْحَقُّ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ بِعِبَادِهِ لَخَبِيرٌ بَصِيرٌ
Оха вехьеца жайнах хьоьга делларг иза бакъдерг ду‚ нийса догIуш а хилла долу шел хьалха хиллачуьнца. Баккъалла а, Дела Шен лешех дерг сов дика хууш а ву‚ гуш а ву
35:31 -
ثُمَّ أَوْرَثْنَا الْكِتَابَ الَّذِينَ اصْطَفَيْنَا مِنْ عِبَادِنَا ۖ فَمِنْهُمْ ظَالِمٌ لِنَفْسِهِ وَمِنْهُمْ مُقْتَصِدٌ وَمِنْهُمْ سَابِقٌ بِالْخَيْرَاتِ بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَضْلُ الْكَبِيرُ
ТIаккха Оха жайна (Къуръан) делира ирсана Тхан лешех Оха хаьржинчарна. Царах шена зулам дийриг а ву /цу Къуръанца Iамал ца еш/‚ царах барамехь /Iамал еш/ верг а ву‚ царах Делан пурбанца диканашца хьалхаваьлларг а ву. Иза ду-кх доккха дозалла!
35:32 -
جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِنْ ذَهَبٍ وَلُؤْلُؤًا ۖ وَلِبَاسُهُمْ فِيهَا حَرِيرٌ
Iадн (ц йолчу уггар еза йолчу ялсаманин) бошмаш /ю царна/‚ шена чу уьш боьдур болуш‚ /церан куьйгех/ буллур бу дашон а‚ луълуъан а гIоз‚ церан духар цу чохь хир ду дāри
35:33 -
وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي أَذْهَبَ عَنَّا الْحَزَنَ ۖ إِنَّ رَبَّنَا لَغَفُورٌ شَكُورٌ
Цара эр ду: 'Хастам бу Далла‚ тхуна тIера сингаттам дIабаьккхинчу. Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ баркалле верг а ву
35:34 -
الَّذِي أَحَلَّنَا دَارَ الْمُقَامَةِ مِنْ فَضْلِهِ لَا يَمَسُّنَا فِيهَا نَصَبٌ وَلَا يَمَسُّنَا فِيهَا لُغُوبٌ
Иштаниг ву Иза Ша хьанал дина тхуна /гуттар латтаран/ цIа (ялсамани) Шен дозаллах‚ тхох ца хьакхало цу чохь хало‚ тхох ца хьакхало цу чохь кIаддалар.'
35:35 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ نَارُ جَهَنَّمَ لَا يُقْضَىٰ عَلَيْهِمْ فَيَمُوتُوا وَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُمْ مِنْ عَذَابِهَا ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي كُلَّ كَفُورٍ
Цатешнарш царна жоьжахатин цIе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш‚ айдийр дац царна тIера цуьнан Iазапах /хIумма а/. Иштта бекхам бо Оха хIор цатешачунна
35:36 -
وَهُمْ يَصْطَرِخُونَ فِيهَا رَبَّنَا أَخْرِجْنَا نَعْمَلْ صَالِحًا غَيْرَ الَّذِي كُنَّا نَعْمَلُ ۚ أَوَلَمْ نُعَمِّرْكُمْ مَا يَتَذَكَّرُ فِيهِ مَنْ تَذَكَّرَ وَجَاءَكُمُ النَّذِيرُ ۖ فَذُوقُوا فَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ نَصِيرٍ
Цара /Деле г доьхуш/ кхуьйкхур ду цу чохь: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ арадāхахь тхо‚ оха дика Iамал йийр ма яра, тхаш йина хилларг а йоцуш!' Оха дāха ца дитира шу /дуьненахь/ ша кхеташ верг кхеттал? Шуьга ма веара кхерамча. Iовша /хIинца Iазап/‚ вац зуламхошна цхьа а гIоьнча
35:37 -
إِنَّ اللَّهَ عَالِمُ غَيْبِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Баккъалла а, Дела ву стигланийн а‚ лаьттан а хьуламехьдерг хууш верг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг а
35:38
Гочдар: Магомед Магомедов