Мусхаф., агӏо 45

  1. وَمَثَلُ الَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمُ ابْتِغَاءَ مَرْضَاتِ اللَّهِ وَتَثْبِيتًا مِنْ أَنْفُسِهِمْ كَمَثَلِ جَنَّةٍ بِرَبْوَةٍ أَصَابَهَا وَابِلٌ فَآتَتْ أُكُلَهَا ضِعْفَيْنِ فَإِنْ لَمْ يُصِبْهَا وَابِلٌ فَطَلٌّ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    Дела реза хиларе догдохуш, /иймана тIехь/ шаьш чIагIдалархьама шайн дōлахьдерг /сагIина/ доккхучеран масал тера ду басахь йолчу бешах: шена тIе чIогIа догIа дилхича‚ стоьмаш дуккха алсамбуьйлуш. ЧIогIа догIа ца дагIахь а, догIа серсаш, /цунах а тоам хуьлуш/. И Дела цара лелориг гуш ма ву

    2:265
  2. أَيَوَدُّ أَحَدُكُمْ أَنْ تَكُونَ لَهُ جَنَّةٌ مِنْ نَخِيلٍ وَأَعْنَابٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ لَهُ فِيهَا مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ وَأَصَابَهُ الْكِبَرُ وَلَهُ ذُرِّيَّةٌ ضُعَفَاءُ فَأَصَابَهَا إِعْصَارٌ فِيهِ نَارٌ فَاحْتَرَقَتْ ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ

    Шуна цхьанна а луур дарий шен хурманийн а‚ кемсийн а беш хила‚ шена бухахула хиш а лелаш‚ массо а стом шена чохь а болуш‚ тIаккха шен кегий доьзал а болуш и воккха хилча‚ чохь цIе йолу чIогIа мох баьлла‚ цо и ягаян? Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ‚ шу хилийтархьама ойла еш

    2:266
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَنْفِقُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا كَسَبْتُمْ وَمِمَّا أَخْرَجْنَا لَكُمْ مِنَ الْأَرْضِ ۖ وَلَا تَيَمَّمُوا الْخَبِيثَ مِنْهُ تُنْفِقُونَ وَلَسْتُمْ بِآخِذِيهِ إِلَّا أَنْ تُغْمِضُوا فِيهِ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ غَنِيٌّ حَمِيدٌ

    ХIай ийман диллинарш! СагIина ло‚ шайна карадеаначу цIенчух‚ Оха шайна лаьттах схьадалийтинчух а. Аш сагIа доккхуш шун Iалашо ма хуьлийла боьханиг‚ аша а оьцур ма яцара и /шайна елча/ бIаьргаш хьаббийна бен. Шуна хаалаш‚ и Дела вуйла хьал долуш а /Шена шун сагнаш ца оьшуш /‚ хастаме а /дика мал йинчунна хаза ял луш/

    2:267
  4. الشَّيْطَانُ يَعِدُكُمُ الْفَقْرَ وَيَأْمُرُكُمْ بِالْفَحْشَاءِ ۖ وَاللَّهُ يَعِدُكُمْ مَغْفِرَةً مِنْهُ وَفَضْلًا ۗ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    ШайтIано кхерамаш туьйсу шуна къоьлаллица‚ хьоьху шуна ирчаниг. Дала ваIда йо шуна Шегара гечдар а‚ комаьршалла а. И Дела /Шегахь/ шорто йолуш а ву‚ хууш а ву

    2:268
  5. يُؤْتِي الْحِكْمَةَ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَنْ يُؤْتَ الْحِكْمَةَ فَقَدْ أُوتِيَ خَيْرًا كَثِيرًا ۗ وَمَا يَذَّكَّرُ إِلَّا أُولُو الْأَلْبَابِ

    Шена луучунна хьекъалалла луш ву И‚ (Цо) шена хьекъалалла делларг – шена дуккха а диканаш делларг ву-кх. Оцунах ойла-м ца йо хекъалдолчара а бен

    2:269

Гочдар: Магомед Магомедов