Мусхаф., агӏо 445

  1. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا خَلَقْنَا لَهُمْ مِمَّا عَمِلَتْ أَيْدِينَا أَنْعَامًا فَهُمْ لَهَا مَالِكُونَ

    Царна ца го-техьа Оха шайна Тхан куьйгаша динчух даьхни кхоьллина хилар‚ уьш царна тIехь дай а бина?

    36:71
  2. وَذَلَّلْنَاهَا لَهُمْ فَمِنْهَا رَكُوبُهُمْ وَمِنْهَا يَأْكُلُونَ

    Оха уьш царна муьтIахь хилийтина: царах уьш тIехуьйшурш а ду‚ царах цара доу

    36:72
  3. وَلَهُمْ فِيهَا مَنَافِعُ وَمَشَارِبُ ۖ أَفَلَا يَشْكُرُونَ

    Царна цаьргахь пайданаш а‚ маларш а ду баркалла хIунда ца олу цара?

    36:73
  4. وَاتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ آلِهَةً لَعَلَّهُمْ يُنْصَرُونَ

    АллахI-Дела а витина кхин делий лаьцна шайна гIо хир ду моьттуш

    36:74
  5. لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَهُمْ وَهُمْ لَهُمْ جُنْدٌ مُحْضَرُونَ

    Хир дац царна цаьргахула гIо ма бу уьш царна дIахIоттина бIо

    36:75
  6. فَلَا يَحْزُنْكَ قَوْلُهُمْ ۘ إِنَّا نَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ

    Церан дашо сингаттаме ма войла хьо. Тхо хууш ду хьуна цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а

    36:76
  7. أَوَلَمْ يَرَ الْإِنْسَانُ أَنَّا خَلَقْنَاهُ مِنْ نُطْفَةٍ فَإِذَا هُوَ خَصِيمٌ مُبِينٌ

    Адамна ца го-те Оха ша кхоьллина хилар тIадамах? билгала мостагI хили-кх цунах!

    36:77
  8. وَضَرَبَ لَنَا مَثَلًا وَنَسِيَ خَلْقَهُ ۖ قَالَ مَنْ يُحْيِي الْعِظَامَ وَهِيَ رَمِيمٌ

    Тхуна масал а далийна‚ ша кхоллар диц а дина‚ аьллера: 'Хьан денйийр ю даьIахкаш, уьш яхкаелча?'

    36:78
  9. قُلْ يُحْيِيهَا الَّذِي أَنْشَأَهَا أَوَّلَ مَرَّةٍ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ خَلْقٍ عَلِيمٌ

    Ахь āла: 'Денйийр ю уьш шаьш дуьххьара кхоьллинчо Иза массо а хIума кхолла Ша хууш ма ву

    36:79
  10. الَّذِي جَعَلَ لَكُمْ مِنَ الشَّجَرِ الْأَخْضَرِ نَارًا فَإِذَا أَنْتُمْ مِنْهُ تُوقِدُونَ

    Иза ву шуна сийначу диттах цIе хилийтина‚ аш цунах лата а еш'

    36:80
  11. أَوَلَيْسَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِقَادِرٍ عَلَىٰ أَنْ يَخْلُقَ مِثْلَهُمْ ۚ بَلَىٰ وَهُوَ الْخَلَّاقُ الْعَلِيمُ

    Ткъа стигланаш а‚ латта а Ша кхоллинчунна ницкъ ца кхочу и саннарг юха кхолла?! Кхочу!!! И ша дика хууш кхоллархо ма ву!

    36:81
  12. إِنَّمَا أَمْرُهُ إِذَا أَرَادَ شَيْئًا أَنْ يَقُولَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Цуьнан гIуллакх ду Шена цхьа хIума лиъча, цуьнга 'Хила!' āлар тккха иза хуьлу

    36:82
  13. فَسُبْحَانَ الَّذِي بِيَدِهِ مَلَكُوتُ كُلِّ شَيْءٍ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Цна ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Шен куьйгахь массо а хIуманан паччахьалла долу‚ шу а Шена тIе дIадерзор долу

    36:83

Гочдар: Магомед Магомедов