Мусхаф., агӏо 444

  1. إِنَّ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ الْيَوْمَ فِي شُغُلٍ فَاكِهُونَ

    Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гIуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу

    36:55
  2. هُمْ وَأَزْوَاجُهُمْ فِي ظِلَالٍ عَلَى الْأَرَائِكِ مُتَّكِئُونَ

    Уьш а‚ церан зударий а IиндагIехь маьнганашна тIетевжина лаьттар ма бу

    36:56
  3. لَهُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ وَلَهُمْ مَا يَدَّعُونَ

    Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю

    36:57
  4. سَلَامٌ قَوْلًا مِنْ رَبٍّ رَحِيمٍ

    'Салам!' олуш маршалла хир ду къинхетаме волчу Делера

    36:58
  5. وَامْتَازُوا الْيَوْمَ أَيُّهَا الْمُجْرِمُونَ

    Шу дIакъаста тахана‚ хIай къинош динарш!

    36:59
  6. أَلَمْ أَعْهَدْ إِلَيْكُمْ يَا بَنِي آدَمَ أَنْ لَا تَعْبُدُوا الشَّيْطَانَ ۖ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ

    Ас шуьга ца аьллера ткъа: 'ХIай Āдаман кIентий! ШайтIанна Iибадат ма делаш иза шуна билгала мостагI ма дуй?

    36:60
  7. وَأَنِ اعْبُدُونِي ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ

    Суна Iибадат дейша хIара бу нийса некъ!'

    36:61
  8. وَلَقَدْ أَضَلَّ مِنْكُمْ جِبِلًّا كَثِيرًا ۖ أَفَلَمْ تَكُونُوا تَعْقِلُونَ

    Шух йоккха тоба тилина даьлла и! Шу ца хили-кх хьекъале?

    36:62
  9. هَٰذِهِ جَهَنَّمُ الَّتِي كُنْتُمْ تُوعَدُونَ

    ХIара ю и жоьжахате‚ хир ю шуна‚ аьлла хьехийнарг!

    36:63
  10. اصْلَوْهَا الْيَوْمَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ

    Iовша цуьнан йовхо тахана шаьш ца тешаш хиларна!

    36:64
  11. الْيَوْمَ نَخْتِمُ عَلَىٰ أَفْوَاهِهِمْ وَتُكَلِّمُنَا أَيْدِيهِمْ وَتَشْهَدُ أَرْجُلُهُمْ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Тахана Оха церан багенашна мухIар тухур ма ду‚ церан куьйгаша Тхоьга дуьйцур ма ду‚ цара /дуьненахь/ карадеш хиллачунна когаша тешалла дийр ма ду

    36:65
  12. وَلَوْ نَشَاءُ لَطَمَسْنَا عَلَىٰ أَعْيُنِهِمْ فَاسْتَبَقُوا الصِّرَاطَ فَأَنَّىٰ يُبْصِرُونَ

    Тхуна лиънехьара, бIаьрса дехьна уьш буьтур бара‚ новкъах тилла бисинчу царна мичара гур дара?

    36:66
  13. وَلَوْ نَشَاءُ لَمَسَخْنَاهُمْ عَلَىٰ مَكَانَتِهِمْ فَمَا اسْتَطَاعُوا مُضِيًّا وَلَا يَرْجِعُونَ

    Я Тхуна лиънехьара, шайн меттигехь куьцаш хуьйцур ма дара церан дIабахалур ма бацара уьш‚ юхабоьрзур а ма бацара уьш

    36:67
  14. وَمَنْ نُعَمِّرْهُ نُنَكِّسْهُ فِي الْخَلْقِ ۖ أَفَلَا يَعْقِلُونَ

    Оха вāха витинарг къаналле дверзаво, уьш хьекъале ца хуьлу-те?

    36:68
  15. وَمَا عَلَّمْنَاهُ الشِّعْرَ وَمَا يَنْبَغِي لَهُ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ وَقُرْآنٌ مُبِينٌ

    Ца Iамийна Оха цунна (Мухьаммад пайхамарна) иллеш и дан цо там а ма бацара: иза хьехам а, /хIумнаш/ билгалдоху Къуръан а ма ду‚

    36:69
  16. لِيُنْذِرَ مَنْ كَانَ حَيًّا وَيَحِقَّ الْقَوْلُ عَلَى الْكَافِرِينَ

    Шеца кхерам таса дийнаволчунна‚ цатешначарна тIехь /царна Iазап хир ду аьлла/ дош бакъхилийта

    36:70

Гочдар: Магомед Магомедов